Дэлан элча — Мухьаммада  хьадисаш (Сунна) хира ду кху чохь.

Сунна чутоха - оц тIехь беш болх бу. Бехк цабиллар деху.


Суннах лаьцна Дала аьлларг:

«Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Дэлах кхералаш. Баккъалла а, и Дэла чIогIа ву-кх таIзар дарехь». (Къуръан 59:7)

«Теша шу Дэлах а‚ Цуьнан элча-пайхамарах а‚ йоза-дешар ца хууш волчу‚ ша тешаш волчу Дэлах а‚ цуьнан дешнех а. ТIаьхьахIитта цунна – шу нийсачу новкъа довла там бара». (Къуръан 7:158)

«Оха шуна элча ваийтарх терра‚ шух шайх волу, ша дуьйцуш волу шуна Тхан аяташ‚ цо шу цIандеш‚ шуна жайна а‚ хьекъалалла а Iамадеш‚ шуна цо Iамадеш, шуна ца хууш хилларг». (Къуръан 2:151)

«Дала боккха кхинхетам ма би муъманахах царалахь шайна юккъера элча а вахийтина‚ цо царна Цуьнан аяташ дуьйцуш‚ уьш цIанбеш‚ жайна а‚ хьекъалалла а царна Iама а деш, хьалха уьш билггалчу тиларчохь хиллехь а». (Къуръан 3:164)

«Ахь āла: «Шу Дэла везаш делахь‚ цунна тIаьхьахIитта – Далла дезар ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо шун къинош»‚ – и Дэла гечдеш верг а‚ Къинхетаме верг а ву». (Къуръан 3:31)

«Дала хьоьга доссийна жайна а, хьекъалалла а‚ Цо Iамийра хьуна хьуна ца хууш хилларг. Йоккха хилла хьуна тIехь Дэлан комаьршалла». (Къуръан 4:113)