ЧагӀалкх

Материал из Тептар
Перейти к навигации Перейти к поиску
ЧагӀалкх

ЧагӀалкх — барзах тера йу иза, цул дегӀана жима хилар бен башхо йоцуш. Бакъду цӀока берзачул сирла йу цуьнан. Олхазарш, дехкий, моьлкхарчий, кхин йолу садолу хӀумнаш йоу чагӀалкхаша. Таллархо тосавелчи ларво чагӀалкхо, тӀаьхьара дӀа а ца йолуш, ша тоса ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам, бад, йа лекъ и тайпа хӀума топ а тоьхна йийчи иза тӀекхачале лачкъайо чагӀалкхо. ЙаахӀума чохьйолу тӀоьрмиг таллархочо охьабиллина битчи, чагӀалкхо дӀахьо. УгӀар тамашена ду чагӀалкхан, цкъа жӀалех угӀу иза, тӀаккха бер доьлхуш санна йека.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]