* чабакх /ю/ — шуьйра чIара /леш/
* чабол /ю/ — цхьабосса хьалхара цхьаъ, тIаьхьара цхьаъ когаш ойуш, говр ядар /рысь/
* чаккхарма /ю/ — километрал алсамо меттиг /верста/
* чангIалкх /ю/ — экха /шакал/, еллачу хIуманан жижиг дуу, жIаьлех тера экха /дийнат/ чаьрпаз — мехкарийн гIабалин хаза кечдина дато туьйдарг /нагрудная застежка на праздничном платье горянки/
* черт /ю/ — къожах йина истанган метта кIелтосург /циновка/
* чет /ду/ — кучан нуьйдарчий дIаюхкучу йисте кIадинан аса тIелатийна дакъа
* чилла /ю/ — Iаьнан шийла хан
* чарто, курчало, Iаларо — тайпанаш ду
* чин /ду/ — дарж, гIуллакх .
* чинт /ю/ — чкъура тIе хIоьттина жима бог /бородавка/
* чуьхьа /ду/ — кIалдах, морзих кечбина берам
* чийрик /ю/— сохьтан доьалгIа дакъа, 15 минот
* чик /бу/ — гIулган агIо
* чайтаI /ю/ — чен кIорни /медвежонок/
* черо /ю/ — ловзочу кехатийн биъсаберг
* чамбуц /ю/ — хаза хьожа а, дика чам а болу юу буц /петрушка/
* чераш /ду/ — кIомарийн даI
* човка /ю/ — Iаьржа мас йолу, сийна бос лепа, бовхачу махка дIадоьдуш долу олхазар /грач/
* чола /куй/ — сира /куй/
* чорда — чекхсагуш /киса/
* чупара — кхартматтане, къорза, аьгна /юьхь/ — рябой
* чукаре /ю/ — хIусаме дIа а воьдуш, хьошалла я гергарло лелор
* чуха /бу/ — цкъа а ларгаза Iахар
* чучал /ю/ — тоьпан балл, хиэна тIе биргIа чIагIъен чIуг /закрепительное кольцо
* чхьовг /ю/ — аренан асаран буц /сурепка/
* чхьоч /ю/ — буппаз, стомма, верстина стаг
* чхьонкар /ю/ — буьххьехь корта болу гIаж /дубинка/
* чухта /ю/ — йоккхачу стеган коьртатуьллург
* чуьйна /ду/— 1/ чохьлазар, чолазар; 2/ чугун
* чIама /ю/ — хьаьжа тIехь сет долу дийнат
* чIана /ю/ — хIусаман беркат, рицкъа, ялта
* чIаплам /бу/ — шера, нийса лам
* чIачкъа — бага а гIаттош, бесни озо
* чIегIиг /ю/ — 1/ бедар тоьгучу чорхан тай тIелистина чIу чубуьллу гуй /челнок в швейной машине/; 2/ суьйлакъиг; 3/ хьаьжкIан гIад, хьаьжкIан чIегIиг чIерийлоьцург /ю/ — дуткъий, дехий когаш а, еха зIок а, деха лаг а долуш, чIерий
* лоьцу уьшалан олхазар /цапля/
* чIерийлецархо /рыбак/ — чIерий лоьцу стаг
* чIеIа — соьцуш велха, цIийза
* чIиж /ду/ — цамгарна дуьхьал кочахь лело хIума /амулет/
* чIим /бу/ — юуш йолу орамат, цу бецан орам /стом/
* чIинт /ю/ — кран, хи арахоьцу трубка
* чIиркъе — оьгIазе, кIоршаме
* чIода /ду/ — уьстагIий лоргу тукар чIоь /бу/ — ялта чудухку до /ларь/ чIаж /ду/ — кIорга басе, готта Iин чIоьндарг /ю/ — зурма /чунгур/
* чIуноста /ю/ — настаран даьIахк