Акха гӀаз: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right '''Акха гӀаз''' — ( Anser fabalis ). Акхачу гIезах оьрсаша "Дикий гусь" олу. Акха...») |
(нет различий)
|
Версия от 22:44, 16 августа 2019
Акха гӀаз — ( Anser fabalis ). Акхачу гIезах оьрсаша "Дикий гусь" олу. Акха гIезаш масех тайпана ю, кIайн а, мокха а. ЦIахь кхобучу гIезийчулла ду церан догIмаш. Цхьаерш кегийро ю. ЗIакарш а, когаш а цIиэ хуьлу церан. Юткъа еха хуьлу церан гIортош. Iаьржа зIакарш йолуш а ду акхачу гIезийн тайпа.
- Хиш, Iаьмнаш долчу меттехь, бецан а, ялтийн а аренашкахь, хьаннийн йистошкахь хуьлу уьш. ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Шишша цхьана хIуттий до цара баннаш, хин бердан йистошкахь, Iаьмнашкахь, эрз болчу тогIешкахь, тоьлгашкахь, шачйолчу меттехь. Бен буха буц а юьллуш, месийн до а дуьллуш тобо цара. Можо бос а болуш 4-6 хIоа до гIезо. Аз чIогIа декаш ду акхачу гIезан. Тобанаш йой лела уьш. Адамах, экханах ларъяла хаьа царна.