Можа тӀуьска олу аьрзу: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right '''Можа тӀуьска олу аьрзу''' — (en. Eastern Imperial Eagle), (оьрсаша "Могиль...») |
(нет различий)
|
Версия от 22:54, 16 августа 2019
Можа тӀуьска олу аьрзу — (en. Eastern Imperial Eagle), (оьрсаша "Могильник" олу). Шуьйра тIемаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. ЦIога доца ду цуьнан. Бос мокха бу. Бос таьIIана-мокха хиларна Iаьржо ю ала мегар долуш ю иза. Коьртан тIуьска можа ю цуьнан. Белашкахь кIайн тIедарчий ду. МIараш дартананчул кегийра ю. ТIемаш дIай-схьай даржийчи 2 метр гергга ду.
- И тайпа аьрзунаш ю вайн мехкан хьаннашкахь, буц-аренашкахь Малхбалехьа Байкал Iома тIе кхаччалц йолчу меттигашкахь, Юккъерчу Азехь, цуьнан къилбаседехьарчу дазоне кхаччалц Закавказехь, Туркменехь, Таджикистанехь. Дозанал арахьа малхбузе Европехь, Къилбаседа-Малхбузехьа агIор Африкехь, Жимчу Азехь, Иранехь. Вайн республикехь и тайпа аьрзунаш лаха аренашкахь хуьлу. Шишша цхьана хуьлу уьш. Баннаш синтарех до, диттийн баххьашкахь. ХIоьаш апрель баттахь до I-3. Мекханан басахь ал тIедарчий а долуш кIай хуьлу хIоьаш.
- Тойна 45 дийнахь доккху стен а, боьршан а аьрзу рогI-роггIана тIе а хуьйшуш. КIорнеш бенара гIовтту июль бутт чекхболуш я август бутт болалуш. Церан даар: пхьагалаш, дехкий, олхазарш - еллачу хIуманийн дилх ду. Вайн республикехь кIезиг ю уьш. Шелковской, Наурский, районехь наггахь тосало и тайпа аьрзу.
Йолу меттиг билгал а йоккхуш ларо еза уьш.