Къорза куьйра: различия между версиями

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
(Керла агӀо: «300px|right|Къорза куьйра '''Къорза куьйра''' — (en. Accipiter nisus ), (оьрсаша "Малый перепе...»)
(нет различий)

Версия от 22:57, 16 августа 2019

Къорза куьйра

Къорза куьйра — (en. Accipiter nisus ), (оьрсаша "Малый перепелятник" олу). Къорза чукъело йолу куьйра кхокханал жима ду. Боьршачуьнан букъ овкъаран басахь бу, чукIело хьаьрса ю, пурхалхьаша кIай сизаш а долуш. ЦIога а пурхалхьа шуьйро моханаш йолуш ду. БIаьргаш можа ду цуьнан. Дахар хин тогIешкахь ду. ДIай-схьай кхелхаш а, кIезгачех а олхазар ду иза. ХIоьаш июньехь до диъ я пхиъ. ХIоьаш цIиэ тIедарчий а долуш кIайн хуьлу оцу олхазаран. Цуьнан даар кегийра олхазарш ду. Кхин цхьа тайпа а ду куьйра. Оьрсаша "Перепелятник" олу цунах. ТIемаш таьIначу ал басахь ду. Логера дуьйна охьа накха а чукIело а, пурхалхьа кIайн, хьаьрсан сизаш а долуш къорза ю цуьнан. Стечуьнан таьIна ал бос болуш ю. БIаьргаш можа ду.

  • Дахар хин берда йистошкахь, хин тогIешкахь, хьаннийн кортошкахь ду. Бакъду, луьста юькъа хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь ду церан дахар. Цхьацца новкъарлонаш йичи дIай-схьай а кхелха уьш. Баннаш дитташ тIехь до цара. ХIоьаш кхаанне тIера ялхан тIе кхаччалц до. ХIоьаш кIай хуьлу, цIиэ тIедарчий а долуш. Тойна июнь баттахь доккху. Даар вукха куьйранийн санна ду. Декар чIогIа зевне ду: "къив-къив-къив-къив!" Кегийра хьозий цо дайарна зуламе лоруш олхазар ду иза.

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Олхазарш