Бецамеъ: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|Бецамеъ '''Бецамеъ'''— (Perdix perdix). Бецамеъ оьрсаша «Куропатка» о...») |
(нет различий)
|
Версия от 23:00, 16 августа 2019
Бецамеъ— (Perdix perdix). Бецамеъ оьрсаша «Куропатка» олу цунах. Ӏай кӀай бос болуш хуьлу иза. Аьхка нӀаьно а, мео а хьаьрса бос оьцу пурхалхьа Ӏаьржа томмагӀнаш а долуш. ТӀемаш а, чукӀело а кӀай хуьла. ЦӀоцкъамаш цӀиэ ду. БӀаьста шишша цхьана хуьлу уьш, нӀаьни, меъ. Гурахь а, Ӏай а цхьанакхетий гӀеранаш йо цара. Баннаш лаьттахь, екъчу меттехь коьллаш кӀел до цара. Тойна май баттахь доккху. Ялх а — шийтта хӀоа до цхьана мео. Ал тӀедарчий а долуш, хуьлу бецамеан хӀоьаш. Котам тойнахь Ӏеш йолчу хенахь нӀаьна а, котам а лаьттахь хуьлу. Дитта тӀе а йолу и шиъ. Ядар, чехка тӀемаш а тухуш, сиха ду. Яжар цӀерачу котамийн санна ду. Диттийн чӀенигаш а, соьналлаш а, бецийн хӀу а доу цара.