ЧӀоб: различия между версиями

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
(Керла агӀо: «300px|right|thumb|ЧӀоб '''ЧӀоб'''— (Coracias garrulus). Оьрсаша чӀоьбах «Сизоворонка» олу. Кхокх...»)
(нет различий)

Версия от 23:03, 16 августа 2019

ЧӀоб

ЧӀоб— (Coracias garrulus). Оьрсаша чӀоьбах «Сизоворонка» олу. Кхокханалла олхазар ду иза. Баьццаро бос бетталуш стигалан басахь ду цуьнан дегӀ. ТӀемаш таьӀночу басара сийна ду. ЦӀога а оццу басахь ал ду цуьнан. ЧӀоьбан дахар аренашца ду. Къилбехьа довхачу мехкашка дӀай-схьай кхелхачех ду иза. ЧӀоьбаша баннаш диттийн харанаш чохь а, хин тогӀийн кортошкахь а, хин бердашца а до. ЗӀакарца а, мӀарашца а охкуш бердах а боккху чӀоьбо бен. ХӀоа 4-6 до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а, шишша цхьана кхетий а хуьлу уьш. Телеграфан сераш тӀехь, я диттан дакъаделлачу гена тӀехь цхьаъ ша Ӏеш го чӀоб дукха хьолахь. Гуьйранна къилбехьа бовхачу мехкашка дӀакхелхаш, цхьанакхетий, гӀера йо цара. Церан даар моьлкъарчий, дехкий, кхин йолу садолу хӀумнаш ю. ЧӀоб буьйсанна дека «ЧӀо-об, чӀо-о-об» бохуш, цхьана эшарехь шиъ-кхоъ секунд юкъаюлуьйтуш.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Олхазарш