Ӏаьржа хьоза: различия между версиями
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Ӏаьржа хьоза '''Ӏаьржа хьоза''' — (en. Common Blackbird), (Оьрсаша «Черный дроз...») |
Mansur700 (обсуждение | вклад) Нет описания правки |
||
Строка 9: | Строка 9: | ||
== Билгалдахарш == | == Билгалдахарш == | ||
== Хьажорагаш == | == Хьажорагаш == | ||
[[ | [[Категория:Олхазарш]] |
Текущая версия от 01:47, 30 января 2022
Ӏаьржа хьоза — (en. Common Blackbird), (Оьрсаша «Черный дрозд» олу). оцу Ӏаьржачу олхазарх. Вукха хьозанел доккха ду иза, алкханчал жима ду. Боьршачу хьозанан зӀок а, бӀаьрган хӀазарш а можа ду цӀиэ бос а бетталуш, дерриге а дегӀ Ӏаьржа ду. Стечу хьозанан таьӀна мокха бос бу, зӀок Ӏаьржа ю.
Дахар хьаннашкахь, хьаннийн хотешкахь, тогӀешкахь стоьмийн бошмашкахь ду Ӏаьржачу хьозанан.
Гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка дӀакхелха Ӏаьржа хьозий, бӀаьста, апрель баттахь вай долчу юха догӀу. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. ГӀеранахь лелар кӀезиг ду церан. Лаьтта а, куллан кондарш тӀе а, диттан генаш тӀе а ховшу уьш. Когаш тӀехь кхиссалуш ду цуьнан болар. Боьрша хьоза дитта боьххье хьала а долий дека, дегӀ меттах а ца доккхуш. Декар сингаттаме ду цуьнан «чок-чок» «терре-чок-чок». Бен лаьттахь, я диттан кондаршлахь бо. 4-7 хӀоа до Ӏаьржачу хьозано баьццаро бос а бетталуш, мокха тӀедарчий а долуш, стигалан басахь сийна. Тойна апрель-июнь баттахь доккху.