Шоршал: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Шоршал '''Шоршал'''— Оьрсаша...») |
(нет различий)
|
Версия от 23:11, 16 августа 2019
Шоршал— Оьрсаша шоршалах «Синяя птица» олу. Амма цуьнан бос ша-шах сийна бац. Генаро хьаьжчи Ӏаьржа хетало цуьнан бос. Юххера хьаьжчи кӀур биллича санна лиэпаш сийна бос беттало. Къийгалла олхазар ду иза. ЦӀога деха ду цуьнан, тӀемаш доцийра ду.
Лаьмнашкахь а, охьанехьа хьаннашкахь а ду и тайпа олхазар. Цхьаъ ша хуьлу иза дукхах йолчу ханна. Шиъ цхьана а хуьлу. Екар зевне ду «къи-къи-къи-къи!» шок тухуш санна. Ша хьалаэккхаш туху цо и мохь. Хьаннаш кӀелахула ду цуьнан ядар. Едчи а гена ца йолуш охьахоу иза. Бен диттан Ӏеханах, бецах бо цо. ХӀоьаш 4-5 до. Жимма баьццара бос а болуш кхоьллано цӀиэ тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш. ХӀоьаш май-июнь баттахь до.