Бешара хьоза: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Бешара хьоза '''Бешара хьоза''' — (оьрсаша «Лазаревка» олу). ТӀемаш а ц...») |
(нет различий)
|
Версия от 23:18, 16 августа 2019
Бешара хьоза — (оьрсаша «Лазаревка» олу). ТӀемаш а цӀога а сийна ду букъ баьццара бу, хьаж кӀай ду цуьнан, беснеш а кӀай ю, лаг Ӏаьржа ду, хандаргана тӀоьхула а Ӏаьржа мас ю. Накха можа бу, чукӀело а можа ю. Хьуьн чохь а бошмашкахь а хуьлуш ду и тайпа хьоза. Баннаш дечу хенахь цхьана хуьлу стен боьршан шиъ. Диттан гаьннаш тӀера каде ду гӀаттар, кхечу гаьн тӀе хаар. Бен диттан хари чохь бо. ХӀоьаш апрель-май баттахь до 5-10. ХӀоьаш кӀай хуьлу, цӀиэ бос бетталуш, ал тӀедарчий а долуш. Декар иштта ду: «Ци-ци-цӀир-р-р».