Лаьттан пхьагал: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Лаьттан пхьагал '''Лаьттан пхьагал''' — {{lang-noh|Лаьттан пхьагал}} ({{lang-ru|...») |
(нет различий)
|
Версия от 23:23, 16 августа 2019
Лаьттан пхьагал — нох. Лаьттан пхьагал (оьрс. Тушканчик) олу. Жима экха ду иза. Лергаш доцийра а, кегийра а ду цуьнан. Лергаш дӀай-схьай саттадо цо. ТӀаьхьара ши ког беха а, ницкъ болуш а бу. Хьалхара ши ког боца бу. ЦӀога деха ду лаьттан пхьагала, боьххье месала кӀайн кӀуж а болуш. Дийнахь шен бенахь Ӏа иза. Бен лаьттах боккху цо. Буьйсана яжа арайолу иза. Бецан орамаш а, ялта а доу цо, буц а йоу. Болар шен тӀаьхьарчу шина кога тӀехь кхиссалуш до цо. НогӀийн махкахь дукха хуьлу уьш.