Лергаш долу жима бухӀа: различия между версиями

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
(Керла агӀо: «300px|right|Лергаш долу жима бухӀа '''Лергаш долу жима бухӀа'''— (Otus scops). Оьрсаша...»)
 
Нет описания правки
 
Строка 9: Строка 9:


== Билгалдахарш ==
== Билгалдахарш ==
{{Билгалдахарш}}
 


== Хьажорагаш ==
== Хьажорагаш ==


[[Кадегар:Олхазарш]]
[[Категория:Олхазарш]]

Текущая версия от 17:46, 1 февраля 2022

Лергаш долу жима бухӀа

Лергаш долу жима бухӀа— (Otus scops). Оьрсаша «Сплюшка» олу жимачу бухӀанах. Бос вукха бухӀанийн санна бу цуьнан а. Йоккхачу бухӀанан санна ши лерг а ду. Яхар ширчу, дӀатесна йитначу бошмашкахь, тогӀешкахь, хьаннийн хотешкахь ду цуьнан. ХӀоьаш дечиган хари чохь, я бердах баьккханчу бенахь до цо. Тойна май баттахь доккху. ХӀоа 4-6 до. КӀай хуьлу цуьнан хӀоьаш. Ижо, садайначул тӀаьхьа, буьйса йоьлчи лоху цо. Дийнахь, диттан гӀодах дӀа а таьӀий, Ӏадда Ӏа иза. Екар сингаттаме ду цуьнан «сплю-ю» бохуш. Цундела аьлла хила а там бу цунах оьрсаша «сплюшка».

Дехкий а, кегийра хьозий а доу цо. Кхин йолу садолу хӀуманаш а йоу.

Ялташна зуламе садолу хӀуманаш цо яар бахьана долуш пайдехьчу олхазарех лерина иза.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]