КӀайн цӀога долу аьрзу: различия между версиями

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
(Керла агӀо: «300px|right '''КIайн цIога долу аьрзу''' — (en. ''White-tailed Eagle''), (оьрсаша "''Орла...»)
 
Нет описания правки
 
Строка 21: Строка 21:


== Билгалдахарш ==
== Билгалдахарш ==
{{Билгалдахарш}}
 


== Хьажорагаш ==
== Хьажорагаш ==


[[Кадегар:Олхазарш]]
[[Категория:Олхазарш]]

Текущая версия от 17:47, 1 февраля 2022

Haliaeetus albicilla (Svolvær, 2012).jpg

КIайн цIога долу аьрзу — (en. White-tailed Eagle), (оьрсаша "Орлан-белохвост" олу). КIайн цIога долу аьрзу яккхийрчех аьрзу ю. Цуьнан цIога дечиг йоькъачу зайлан кепехь ду. Бос мокха бу, кортий, лахара деггIий жимма сирло ду цуьнан. ЦIога кIайн ду, зIок можа ю.

  • Тундрера дуьйна есачу аренашка, лаьмнашка кхаччалц массо а мехкашкахь ю и тайпа аьрзунаш.
  • Церан дахар хIурдан йистошкахь, хин бердашкахь, тогIешкахь, ламанийн даккъашкахь ду. Iа доьлчи къилбаседехьара йовхачу метте охьайогIу уьш. Иштта ду церан дIай-схьай кхалхар. Яккхийра шелонаш йоцчохь цхьана меттехь ду церан дахар. Диттийн генех, синтарех боккха бен бо оцу аьрзуна доккхачу диттан боьххьехь. Дуккху а шерашкахь оцу цхьана бенахь йоху цо кIорнеш. Бен атта дIа ца тосу цо шена адамаша новкъарло ца йичи. Бен бар доладо март-апрель баттахь. ХIоа 2-3 до. КIайн хуьлу уьш. Ларлуш ю иза. Адама герга ца кхочуьйту. Дукъа лекха хьалайолий дац цуьнан хIаваэхь хьийзар. Лахахула хIаваэхь го туьйсуш лоху цо ижо: моьлкъарчий, дехкий, чIерий, пхьагалаш, акха бедаш, кхин долу олхазарш. Ламанан чхар тIехь, я дечиган юьхка тIехь хохий а Iа иза ижо ларош. Вукху аьрзунийчул ядар хала ду цуьнан. Екаран аз иштта ду "кра-кра-кра!" я "кий-кий-кий!". ЗIок йоккха хиларна а цIога кIай хиларна а, кхоьчу аьрзонех къаьсташ ю иза.

Суьрташ[править | править код]

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]