Оттйокх: различия между версиями
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Оттйокх '''Оттйокх'''— (Cuculus canorus). Кхокханал жимо олхаза...») |
Mansur700 (обсуждение | вклад) Нет описания правки |
||
Строка 5: | Строка 5: | ||
== Билгалдахарш == | == Билгалдахарш == | ||
== Хьажорагаш == | == Хьажорагаш == | ||
[[ | [[Категория:Олхазарш]] |
Текущая версия от 17:52, 1 февраля 2022
Оттйокх— (Cuculus canorus). Кхокханал жимо олхазар ду оттйокх. Оьрсаша «Кукушка» олу цунах. Деха цӀога а, дехийра тӀемаш а долуш хаза олхазар ду иза. Бероза ю цуьнан чукӀело, дегӀана пурхалхьа Ӏаьржан, кӀайн могӀанаш а долуш. Жимма охьахьаьвзана ю цуьнан зӀок. Букъ а корта а, лаг а, логан кӀело а сира бос болуш ю цуьнан. ЦӀоганна тӀехь кӀайн тӀедарчий ду. Церан яхар хьаннашкахь, коьллийн кондаршкахь ду. БӀаьста бовхачу махкара схьайогӀу уьш, гурахь юха дӀайоьлху. Цхьацца ша йолий лела уьш. Цкъацкъа шиъ цхьана а хуьлу. ХӀоьаш цӀир-цӀир-хьозанан а, хӀуьрцӀилдиган а, хьуьна хьозанан а, иштта кхоьчу олхазаран а бенахь до цо. ХӀоьаш церачех тера а хуьлу цуьнан. Бакъду, церачул жимма даккхийро хуьлу уьш. Оттйокхан екар иштта ду: «Ков-кук! Ков-кук!» Екачу хенахь цӀога жимма ай а деш, тӀемаш охьа хоьцу цо. Стечу оттйокхан екар шатайпа ду «кли-кли-кли» бохуш. Садолу хӀуманаш йоу оттйокхо.