Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам: различия между версиями

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
(Новая страница: «ХIара нийсаяздаран декъехь ненан меттан хазна алсам юкъалоцуш болу дуьххьарлера мехала болх лара мегар ду, хIунда аьлча вайн маттахь кхул хьалха хилларш кегий дешний дошам яра. Кху нийсаяздаран дошам юкъа ялийна исбаьхьаллин литературехь,...»)
(нет различий)

Версия от 16:38, 21 февраля 2022

ХIара нийсаяздаран декъехь ненан меттан хазна алсам юкъалоцуш болу дуьххьарлера мехала болх лара мегар ду, хIунда аьлча вайн маттахь кхул хьалха хилларш кегий дешний дошам яра. Кху нийсаяздаран дошам юкъа ялийна исбаьхьаллин литературехь, яздархойх, халкъан барта кхоллараллехь, юкъараллин дахарехь шуьйра пайдаоьцуш йолу лексика (ненан меттан керла а, оьрсийн маттера вайн матте тIеэцна а долу литературни меттан дешнаш). Словарь вайн маттахь дошам бу. Оьрсийн маттера вайн матте тIеэцначу билгалдешнийн суффиксаш ларъяр-хийцар а, нохчийн меттан доланиг дожар хIоттор а церан маьIнийн башхаллашка хьаьжжина хила деза, церан маьIнаш а ца дохош, масала: 1) грамматически классаш, грамматически талларш, 2) грамматикан дакъош, 3) районни комитет (райком), 4) районан бахам, мохк, латта, 5) Советски Союзан Коммунистически парти, 6) коммунистийн гIуллакх, 7) орфографически таллар, 8) орфографин дакъош а, принципаш а, 9) морфологически таллар, 10) морфологин дакъош, 11) литературни мотт, 12) литературан декхарш, 13) КПСС-н ЦК-н Ге-неральни секретарь, 14) СССР-н Лакхарчу Советан Президиум, 15) поэтийн кхолларалла, 16) поэтически талант. Иштта маьIница нийса хила деза дешан схьа- яьлла форма ялор а, масала: юьртара хьехархо (сельский учитель), белхалойн класс (рабочий класс), совхозан белхало (рабочий совхоза), центральни а, республикански а, областной а, районни а газеташ (центральные, республиканские, областные и районные газеты), республикан бахам, исторически кхиар (ткъа историн кхиар аьлча, кхин маьIна ду). Словара тIехь дешнийн доланиг дожар кIезиг гайтина, хIунда аьлча хIинццалц схьа вайнехан меттанийн орфографически словараш тIехь шина а терахьан цIерниг, цхьаллин терахьан дийриг бен, кхидолу дожарш ца далийна. Кху тIехь гойтуш ерг меттан дешнийн хазна (лексика) ю, нийсаяздарна некъ луш. дахарехь цу меттан хазнех хIорамма а пайдаоьцу, шен белхан а, гIуллакхан а хьашташка а, церан башхаллашка а хьаьжжина. Билгалъечу ойланашка а, маьIнашка а, предложенехь дешнийн уьйре а хьаьжжина хир ю церан форманаш а. Цундела словара тIехь дешнийн дерриге дожарш ца гойту. Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, Iилманан а, культуран а, искусствон а уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Цундела меттан дешнаш, гулдина дIахIиттийна, шегахь лардеш йолу словарь йоккха хазна ю. И хазна кIорггера дика Iамо а, сий деш ларъян а еза. ХIора дийнахь словарах пайдаэцаро а, саццаза меттан сийлахь-йоккха хазна (дешнаш) Iаморо а боккха аьтто бо бартан а, йозанан а къамел кхио а, маттана шарвала а, меттан а, хьекъалан а хазна кIорггера дика йовза а. Иза хаа а, мало йоцуш къахьега а деза. Вайн республикехь лексикографин болх тIаьхь-тIаьхьа алсамболуш, толуш, кхуьуш бу. Цунна тоьшалла до керл-керла арахоьцучу тайп-тайпанчу словараша. Вайн меттан дешнийн хазна гулъеш, словараш язъеш, дика гIуллакх дина Iилманан белхахоша: А. Г. Мациевс, Хь. Г. Гугиевс, И. Ю. Алироевс, А. Т. Карасаевс, кхечара а. Цу балхана хераваьлла со а ца Iийна. Халкъана юкъахь эрна олуш ца хилла халкъан хьекъале башха кица: «Хьанал, беркате къинхьегам адаман шолгIа нана ю». Нанас бераш кхаба а кхобу, кхетош кхиа а до, ткъа хьаналчу, беркатечу къинхьегамо адамаш кхаба а кхобу, ирсе а до, кхетош кхиа а до, царна дахар дика а довзуьйту. Сийлахь-воккхачу пролетарски яздархочо А. М. Горькийс  


дуккха а шераш хьалха, хьаналчу къинхьегаман мехалла а, маьIна а билгалдеш, кху кепара яздина: «Адамийн уггаре а йоккха хазна ю къахьега хаар». Воккхачу яздархочун цу хьекъалечу дешнаша йовзуьйту адамийн дахаран ца хилча ца торуш йолу хьекъале а, оьзда а Iалашо — къахьега хаар. Адамийн дахаран Iалашо хьекъале а, нийса а, оьзда а хила еза. Словарь хIоттийна нийсаяздаран керлачу бакъонийн буха тIехь. Словара юкъа ца ялийна нийсаяздар карадерзорна новкъарло ян тарлуш йолу ца оьшу, совнаха форманаш, нийсаяздар шардан аьтто ца бен долу дешнаш. Лингвистически (грамматически) терминаш, къобалйина, магийна йолу керланаш, ялийна. Нийсаяздаран бакъонаш а, лингвистически терминологи а, словара тIера хала дешнаш довзийтаран материал а ненан мотт дика Iамо гIо деш хир ю. Словара тIехь, маьIнаш билгал а дохуш, дицлуш лаьтта хала дешнаш довзийтина. Къаъсттина хала хеташ долчу дешнийн маьIнаш ненан маттахь довзийтарца цхьаьна, царах кхетар кхин а дика хилийтархьама, уьш оьрсийн матте а дерзийна, масала: 1) зарзар (ю) — хаза эшарш локху, боьмаша-сира бос болу олхазар (соловей); 2) ткъов (ю) — догIа а, ло а ийна йолу йочуна (дождь с мокрым снегом); 3) ткъарш (бу) — ткъов бахьанехь лаьттахь хIуттуш йолу, догIа а, ло а ийна кочалла (слякоть, распутица на земле), шаткъа (бу). ЦIердешнашкахь классийн гайтамаш хуьлуш белахьара, классаш билгалъечохь вай беккъа классийн гайтамаш билгалбохур бара: в, й, б, д. ЦIердешнийн классаш къестош, вай цаьрца классаш гойтуш а, къестош а долу хандешнаш олу, масала: 1) да ву — дай бу (1-ра класс) 2) йиша ю — йижарий бу (2-гIа класс) 3) говр ю — говраш ю (3-гIа класс) 4) кор ду — кораш ду (4-гIа класс) 5) бахам бу — бахамаш бу (5-гIа класс) 6) сту бу — стерчий ду (6-гIа класс). Словара тIехь вай билгалйохурш цIердешнийн и классаш ю. Иштта и бахьанаш долуш, вай словара тIехь беккъа классийн гайтамаш ца луш, цIердешнийн классаш билгалъяьхна. Иза иштта хила а деза, хIунда аьлча коьртаниг, вайна оьшург словара тIехь цIердешнийн классаш билгалъяхар ду. ЦIердешнашкахь хуьлуш а боцу классийн гайтамаш бац вай билгалбаха безарш, церан бакъонца йолу грамматически классаш ю. Цу кеппара, цIердешнашкахь классийн гайтамаш бац, церан грамматически классаш ю. Классийн гайтамаш шайгахь болуш а, чIагIбелла бисна а, цIердешнаш сов кIезиг ду; масала: воI ву, йоI ю, вовхатар ву, йовхатар ю, ваша ву, йиша ю, юкъ ю, букъ бу, дукъ ду, юх ю, бух бу. дешнаш яздина, нийсаяздарехь дустар дало таро а, кхета аьтто а нисбеш. Масала: Маца? — кхушара (хенан куцдош), муьлхачу шарахь? — кху шарахь, цу шарахь, хIокху шарахь, оцу шарахь, дIадаханчу (стохкалерчу) шарахь. дешнийн цу цхьаьнакхетаршкахь кху, хIокху, цу, оцу, дIадаханчу (стохкалерчу) бохучу дешнех къастамаш хуьлу. Иштта орфографин семантически (маьIнин) принципан гIоьнца къасто дезаш хуьлу хIара дешнаш: мила? — дукхаваха (цIердош), мел ваха? — дукха ваха хьо (дукха—бараман куцдош, ваха — хандош, хьо — цIерметдош). Кхиссина, кхийсина цхьаъ ду, моьтту. Иза кху кепара талла йиш ю: левси (кховса — кховсу, кхевсина, кховсур ю (цхьаллин кеп)—левси кхийса—кхуьйсу, кхийсина, кхуьйсур ю (дукхазаллин кеп); гIорза кхосса—кхуссу, кхоьссина, кхуссур ю (цхьаллин кеп) — гIорзанаш кхисса — кхуьссу, кхиссина, кхуьссур ю (дукхазаллин кеп) — кхин маьIна ду. Сийналла сийна хилар, сийна бос хилар ду, ткъа соьналла (зелень) гIабуц (ораматаш) ю. Цу декъехь хасстоьмаш а лору (наьрсаш, хохаш, хорсамаш и дI. кх. а). Оьздалла оьзда хилар ду, ткъа оьздангалла оьздачу гIиллакх-амалх леррина йоккхуш йолу цIе ю; луралла чIир ю (мостагIалла), ткъа луьралла луьра хилар ду. Зийна теллина бохург ду, ткъа Зина йоьIан цIе ю. Тидам бича, и дешнаш а, церан маьIнаш а, яздар а вовшех къаьсташ ду. уьш вовшех къасто хаа деза. ХIора хандош, грамматически класс къастош, кху кепара ала йиш ю: стаге: вухаверза, зудчуьнга: юхаерза, бере: духадерза, старе, атте, уьстагIе: бухаберза. Цу массо дашна а  


юкъара маьIна далош, кху кепара ала а мега: юхавала, юхаяла, юхадала, юхабала, хIунда аьлча, юха боху дош (дешхьалхе) юх бохучу цIердашах хилла: юхавала, вухавала бохург кIегарвала бохург ду (иза цуьнан синоним ю). Цу кеппара, юха бохург вукху классашна а юкъара ду. Юкъа боху дешхьалхе я дештIаьхье юкъ бохучу цIердашах хилла: шаршу юкъа йилла. Цо иза юкъайиллина. Цхьаллин а, дукхаллин а — шина а терахьан хандешнийн цхьаллин, дукхазаллин кепаш нийса язъян хаийтархьама а, кхета атта хилийта а, словара тIехь гайтина кху кепара дешнаш: хьажа, хьожу, хьаьжна (цхьаъ цкъа) хьежа, хьоьжу, хьежна (цхьаъ дуккхазза а) хьовса, хьовсу, хьаьвсина (дуккха а берш цкъа) хьийса, хьуьйсу, хьийсина (дуккха а берш дуккхазза а) лалла, лоллу, лаьллина (цхьа говр цкъа) лелла, лоьллу, лиллина (цхьа говр дуккхазза а) лахка, лохку, лаьхкина (дуккха а говраш цкъа) лехка, лоьхку, лихкина (дуккха а говраш дуккхазза а). уьш вай кхузахь гайтина царах пайдаэца хаийта. уьш деа кепара хийцалуш долу хандешнаш ду. Церан тидам бича, уьш хийца а, ала а, нийса яздан а Iемар ду. уьш къаьсташ ду подлежащин дожар гойтучу деакепарчу хандешнех. дукхаллин терахь, дукхаллин кеп бохург цхьаъ дац. дуккха а цхьанатайпанара хIуманаш билгалйийриг дукхаллин терахь ду: говраш, эсий, книгаш. Цхьаллин кепан а, иштта дукхаллин кепан а хила тарло чаккхенашка хьаьжжина цхьаллин а, дукхаллин а терахь, масала: сайниг — сайнаш (цхьаллин кепан цхьаллин а, дукхаллин а терахь), тхайниг — тхайнаш, вайниг—вайнаш (дукхаллин кепан цхьаллин а, дукхаллин а терахь). 3. Джамалханов.