Нохчийн меттан дицлуш лаьттачу дешнийн маьIна: различия между версиями

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
 
Строка 18: Строка 18:
* ал — таьIна-боьмаша, таьIна-цIен   
* ал — таьIна-боьмаша, таьIна-цIен   
* амалт /ду/ — стагах тешийна дитина хIума   
* амалт /ду/ — стагах тешийна дитина хIума   
* аре гезъян — аре идо
* аре гезъян — аре идо
* ана, ане - космическое пространство
* ант /ду/ — кхачамбацар, сакхт, ледарло, гIалатло   
* ант /ду/ — кхачамбацар, сакхт, ледарло, гIалатло   
* асар /ду/ — чIогIа хаалуш болу синхаам /страсть, сильное чувство/   
* асар /ду/ — чIогIа хаалуш болу синхаам /страсть, сильное чувство/   

Текущая версия от 00:15, 22 февраля 2022

А[править | править код]

  • абат /ду/ — магийнчу рогIехь дIахIиттийна элпаш /азбука, алфавит/
  • абат /ю/ — аьзнаш, элпаш /йоза-дешар/ Iамо книга /букварь/
  • агIаз /бу/ — жима гезг
  • агIо /ю/: книгин агIо /страница книги/
  • агIо /ю/: гонахара агIо /сторона/
  • агIо /бу/ дегIан ха ду /бок/
  • атлам /ду/ — хьеран кеманан дакъош вовшахлатош, тухуш хилла атланаш /скобаш/ арахис /ю/ — лаьттан бIар /земляной орех/
  • аркхо /ю/ — нускалан кирхьа дIаолла тосу тIийраг
  • алха — къажбан, самсабаккха /тIаргIа/
  • алхар — къажбар, самсабаккхар /тIаргIа/
  • алхийта — къажбайта, самсабаккхийта /тIаргIа/
  • ахкарг /ду/ — юккъе хи хIуттуш, мачо кога кIелара я цуьнан пIелга тIера чкъор совсор
  • айп /ду/ — сакхт
  • айпе — сакхте
  • акха — декха
  • ал — таьIна-боьмаша, таьIна-цIен
  • амалт /ду/ — стагах тешийна дитина хIума
  • аре гезъян — аре идо
  • ана, ане - космическое пространство
  • ант /ду/ — кхачамбацар, сакхт, ледарло, гIалатло
  • асар /ду/ — чIогIа хаалуш болу синхаам /страсть, сильное чувство/
  • ашуг /ву, ю/ — илланча, иллиалархо
  • ача, очу, аьчна /хьаша, хьошу, хьаьшна/
  • ача /ю/ — е чохь чIагIделла чкъор, таш /накипь/
  • ачо /ю/ — хьагI, гамо, цабезам, хьу.
  • акхтарг /ду/ — детин басахь чкъор а, нийса гIад а долу, толлан кепара дитт /тополь серебристый/
  • аьлча /бу/ — 1) гIулган агIо; 2) аьтто
  • аьхза — осала, цIармата
  • аьхзалла /ю/ — цIарматалла, осалалла
  • аьрзу /ю/ — хьаьвзина зIок йолу, нуьцкъала, акха, ламанан я аренан олхазар /орел, беркут/ аьста /ю/ — дечиган чкъор доккху гIирс
  • аьрша /ду/— 1/ ворданан гIуркх; 2/ метрал кIезиго йохалла

Б[править | править код]

  • бага — буста, хазбан /некъ/; тега, хазбан, хабо /басма/
  • бага /ду/ — мехийн кепара деха, дуткъий гIаш а, горгий стоьмаш а хуьлуш долу дитт /сосна/
  • бага /ю/ — бат, бетан чоь
  • баймакх /бу/ — 1/ боккха ког, 2/ чен ког
  • балл /ю/ — юуш ерг, стом, муттане таьIна-цIен стом а, цуьнан дитт а
  • балл /ду/ — тоьпан хиэна тIе биргIа чIагIъен чIуг
  • бал /бу/— 1/ хелхар; 2/ кехатех ловзар
  • базаръачу /ду/ — шатайпа бага кхорзу туьха
  • бажа /ву/ — шина йишин ши майра
  • база /ду/ — елка, Iай а, бIаьста а сийна лаьтта дитт
  • бакъе /ю/ — кIадинан а, кехатан а, орденан а, медалан а бакъ агIо, ткъа харце /ю/ — харц агIо.
  • бакъо /ю/— 1/ Iилманехь хиламийн юкъаметтигаш а, законаш а билгалден некъ;
  • 2/ халкъан оьздачу гIиллакхаша а, пачхьалкхо а хIиттийна а, ларъеш а йолу бакъонаш а, норманаш а.
  • баттам /ю/ — жима кIудал
  • баьхьа /бу/ — дечиган бел
  • бекх /ю/ — кетар, тулуп
  • берч /ю/ — дукха дIахьекхалуш, дегIан дилхан чкъор стамлуш, чIагIлуш хIоьттина бог /мозоль/
  • бевдала — дIакъаста, шадала
  • бежаIуьнабаппа /ю/ — орамат, мохохьуриг, можа зезагаш а, мохо довдош чоьш а долу орамат
  • берданг /ю/ — топ
  • баIар /бу/ — чу атарш юхкуш, гех баа кечбина кхача
  • битам /бу/ — амат
  • бол /бу/ — хьеран ял
  • борш /ю/ — старгIа /бычок/
  • борщ /ю/ — чорпа
  • бошто /ю/ — шо кхаьчна бож
  • бочабIар /ду/—доккха бIар
  • бIаьллангабIар /ду/ — жима бIар
  • бIежу /ю/ — лаьттах даьккхинчу Iуьргахь еха гезг
  • боргIал /ю/ — нIаьна
  • балам /бу/ — белш
  • бероза — къорза /котам/
  • бухта /ю/ — хIордан залив, айма
  • болар /ду/ — боларахь, меллаша яхар
  • бугIул /ю/ — белшах тосу тIоьрмаг /рюкзак/
  • барч /бу/ — 1/ хечин хьуьнжар тIетосийла, 2/ баьрчера меттиг
  • баьрче /ю/ — баьрчера, сийлаллин меттиг /почетное место/
  • боьлак /ю/ — къона, жима хьун
  • бумзи /ю/ — кIади
  • буркъаш /ю/ — хи тIехулара сийсаш хилар
  • буппаз /ю/ — чхьоч, стомма, дерстина адам
  • бурсанаш /ю/ — коьллаш, юькъа, луьста коьллаш
  • бургат /ю/ — жима хорбаз
  • бурко /ю/ — йовхо, йовхонан тов, тIех йовхо /зной/
  • бIоста /ю/ — дагаран шуьйра агIо
  • бIарза /ю/— 1/ вир; 2/ пондаран мерзашна кIел юьллу дечиг
  • бIарлагIа /ю/ — гIаларт
  • бурам /ду/ — адамаш, ворданаш, машинаш хих дехьайоху паром
  • буьйр /ду/ — омра /приказ/
  • бангIара — ший а бIаьрг чуьчча хьоьжург
  • буьйра /ду/ — хIоьа чуьра юккъера можа дакъа
  • бIаьлланг /ю/ — бууш болу стоьмаш — кегий бIараш тIехь хуьлу колл /орешник/ бIорзгал /ю/ — вон сагург


В[править | править код]

  • ватт /ду/ — дебо, кхио даьхни далар
  • варкхал /ю/ — тхов тIе чIагIонна йиллина дечиг /сторпал/
  • варш /ду/ — юькъа, луьста хьун
  • вехьар — кIадвелла, сиха садеIар
  • валти /ду/ — аганан жима гоь
  • васхал /ю/ — хIума дIаюьллу терхи, хIума дIауллу гажалг, хьостам вескет /ю/ — мескат, меха /цIоканан тай/ хадо кечдина у
  • васхалъяккха — гучу метте, лакхаяккха
  • воьта /ду/ — 1/ шен гIодах эханг ден хьаса а, хIух даьтта а доккху буц; 2/ цуьнан хIух  

Г[править | править код]

  • гала /ду/ — гала-гIожмех ловзуш, бераша ловзош йолу дечиган ехо-горга хIума
  • гирда /бу/ — 12 кг чуйоьду жима моьрка
  • гоьмукъ я гоьмагI /бу/ — генна хьалха тIамехь лелош хилла, гIуркх санна, беха цамза гахIар /ду/ — кIади тIехь, бедар тIехь хуьлу киртигаш /дакъош/
  • гипербола /ю/ — хIума дестош дийцар
  • гечо /ду/ — хи гомха долу меттиг /брод/
  • гиба /ю/ — шуьйра бертиг йолу кхийра кхаба
  • гаьллаш /ю/ — дуьрстан тIехь хуьлуш йолу аьчган говрана багаюхкурш
  • герма /гарма ю/ — патарми чу буллу бехчалган, я кехатан, я бIегIиган тIус /пыж/
  • гуй /ду/ — жIаьлина доьша дутту ной
  • гоьрда /ду/ — уггаре а чIогIачу болатан тоьлла тур /гурда/ /пхьеро ГIоьрдас динчу туьрах аьлла гоьрда, цул сов, вайн турпалаллин иллешкахь а цу туьрах гоьрда олу/
  • гел /ю/ — тIергаца хьовзош чIагIъеш, хIума дIайоьхку дечиг
  • гезъян — идо
  • гул /бу/ — хиэнан я кхечу диттан хадийна даьккхина гIад
  • ге /ю/ — нанапIелганий, хьажочу пIелганий юккъера юкъаметтиг
  • галц /ю/ — ор долчохь кхоссаялар, залк
  • гаьзло — аьрру куьйга гIуллакх дийриг, болх бийриг
  • гIала /бу/ — стен сай, шоьккаре
  • гIайна /ду/ — тоьгуна, тир
  • гIайна дар — тоьгуна дар, тир яр
  • гIазанча /ву, ю/ — дежурни, шен рогIехь белхан декхар кхочушдийриг
  • гIарол /ю/ — сахьтан цамза
  • гIарол /ду/ — ха
  • гIатакх /ду/ — кхоам бар, таро яр
  • гIаролхо /ву/ — часовой, хехо
  • гIирт /ю/— 1/ стоьмийн даа ца мега чкъор; 2/ бедар бехъеш цунна тIелеттарг
  • гIагI /ду/ — хьалхалерчу заманахь тIамехь лаза ца вайта лелош хилла метталлан чIагарех еш хилла бедар
  • гIина /ду/ — месийн басар
  • гIире — кIоршаме, кхоьлина, оьгIазе
  • гIирс /бу/ — коьчал, ортхал
  • гIийбат /ду/ — эладита, цадогIург дийцар
  • гIиргIа /ду/ — куьйранан а, лечанан а тайпанара, даккхий тIемаш долу олхазар /кобчик/ гIонжагIа /ду/ — охьа ца йожийта, нуьйра тIе хIума дIайоьхку доьхка, нуьйран доьхка /торока/
  • гIурчо /ю/ — черманан хIоз
  • гIели /ду/ — гIумгIа хазъян цунна тIехула дуьллу металлан чкъор
  • гIаргIа /ду/ — акхтарган кепара дитт /вид тополя/
  • гIос /бу/ — цинц, дакъа
  • гIореш /ду/ — 1/ вертанна деш долу басар; 2/ цомгушниг гIоле хилийта тIехаош лело дарба
  • гIота /ю/ — жоьла, уьстагIий Iалашден меттиг
  • ГIоба /ю/ — Кубань
  • гIобанхо /ву, ю/ — кубанец, кубанка
  • гIов /ю/ — дитташна а, гIашна а, тхевнна а, пенна а тIебиллина ша.
  • гIумгIа /ю/ — хи дуттуш лело хIума
  • гIордаз /бу/ — яккхий киртигаш йолу ков бу /рашпиль/
  • гIомалла /ду/ — гIам хилар /колдовство/
  • гIарбу /ду/ — вертанан Iаьржа басар
  • гIарлу /ю/ — нох цIандеш йолу хIума
  • гIама /ю/— 1) тур, 2) алах я чах йина жима рагI гIиргIазо /ву, ю/ — киргиз, киргизка
  • гIоьмеш /ю/ — куьйгехъюхкурш /наручникаш/. гIаккхар — агIор хьуьйсуш бIаьргаш берг
  • гIуьнжара — цхьа бIаьрг агIор хьоьжург

Д[править | править код]

  • дага /ю/ — дагаран гIаж
  • дак /ду/ — толлан кепара, кIеда, месала дитт /верба/
  • дакх /ду/ — гIода тIехь кIайн чкъор а, даккхий гIаш а долу дитт /береза/
  • дажал /ву/ — ницкъ болу стаг
  • дарта /ю/ — тодакх /дрофа/, деха лаг а, нуьцкъала когаш а болу аренан доккха олхазар даста /ду/ — пхи цIока
  • дастама — ирча
  • дайлла — дайн хилар, деза цахилар
  • дацой, деций /ду/ — ламанан уьстагIий
  • дера /ду/ — бецаш йохош схьаяхар /потрава/
  • дерадуьллург /ю/ — кхаьнчатосург /лобогрейка/
  • дирша /ю/ — маIаш йоцу бежан
  • до /ду/ — лергахь хуьлу балозах тера хIума
  • дол /ду/ — куьйгера гоьле кхаччалц долу пхьаьрсан дакъа
  • дос /ду/ — дечиг
  • досбух /ю/ — даго дечиг кечден меттиг
  • дот /ю/—леррина кечйина пулеметийн точка
  • дужа /ю/ — цхьа тайпа шийтта хIума /дюжина/
  • деца /ю/ — дейиша
  • долма /ю/ — голубцеш /юург/
  • дола /ду/ — терго, хьожуш, ладугIуш хилар
  • долла /ду/ — да хилар /отцовство/
  • долалла /ду/ — долахь дерг, долахь хилар, хьал, бахам
  • дур /ду/ — говрийн когийн /бергийн/ тата
  • дурс /ду/ — билгалдар, нийса билгалдар
  • дуррас — нийсса хилар
  • дурга /ду/ — накхармезан мутта /нектар/
  • дургале /ду/ — олхазар, лечкъардиг, мерцхалдиг /стриж, йоца зIок, дехий тIемаш, Iаьржа бос болу жима олхазар
  • дуьхьлоцу /ду/ — стеран маьIах а тосуш, каралоцу урх
  • дуушто /ду/ — шена тIехь бууш болу муьста-мерза цIен стоьмаш болу, пелаган кепара гIа а, нийса гIад а долу колл я дитт /ясень/
  • дуьхьарг /ду/ —дуьххьар бехкаш болу къона етт /нетель/
  • дIама /ду/ — эчиг хадо хIума /зубило/
  • дIама /ю/ — ира муцIар а, беха, луьста тIаргIа а болу жима экха /барсук/

Ж[править | править код]

  • жамбалт /ду/ — доккха диг
  • жоммагIа /ду/ — жима диг
  • жаргIа /ю/ — стен хьакха, нана-хьакха
  • жаматта /ю/ — жа латто меттиг
  • жоьла /ю/ — гIота, жа Iалашден керт /кошара, кутан/
  • жигара — мало йоцуш, каде, хьуьнаре /активный/
  • жигаралла /ю/ — каде, хьуьнаре, мало йоцуш хилар /актнвность/
  • жилIалам /ду/ — Iалам /природа/, лаьтта тIехь, дуьненахь долуш дерг /садолу а, садоцу а хIума дерриге а/
  • жигархо /ву, ю/ — жигара, хьуьнаре къинхьегамхо /активист, активистка/
  • жерахь — хьалхехьо
  • жIамар /ю/ — Iаьнан шелонна коран бIаьрга тIехь хIоьттина, хаза тIамар /узор/
  • жIайхо /ву, ю/ — аварец, аварка
  • жIайрахо /ву, ю/ — джераховец, джераховка
  • жулар /ю/ — говрана бага юхку гаьллаш йоцу дуьрста
  • жут /ю/ — олхазарийн тоба

З[править | править код]

  • залк /ю/ — ор долчохь оьккху галц /цолк/
  • замо, -й /ву, ю-бу/ — нускал майрачун цIа дига баханарш
  • занжабил /ю/ — Iамбар, тропически бецан ира, хаза чам.
  • зарзар /ю/ — хаза эшарш локху, боьмаша-сира бос болу хаза олхазар /соловей/ закъалт /ду/—тешамана каралург
  • зебар /ю/ — лейка, ведаран кепара, трубка йолу хиштухург
  • зеразакъ /ю/ — 1/ лайх бина лекха барз; 2/ хIума хьалаойу гIирс
  • зорх /ю/ — дийнатийн юург охьу хьер — желудок животных
  • зоьпар /ду/ — йойначу меженна и нисъялийта тIелато онда хIума /у/ зез /ду/ — готта гIа долу дитт /лиственница/

И[править | править код]

  • инжил /ю/ — библин дакъа
  • инжир /ю/ — къилбехьара дитт а, цуьнан стом а
  • инкарло /ю/ — резавацар, хьагI, дуьхьал ойла исхар /ду/ — машин тайпа /сукно/ ирко /ю/ — цахIоттар, озавалар, кхерар, сацамбацар
  • ишлик /ю/ — талба /ичмик/. нуьйра .кIел, говран букъа тIе, юьллу бIегIиг

Й[править | править код]

  • йорт /ю/ — жима чабол, кегийра когаш бохуш говр ядар /рысца, мелкая рысь/ йоргIа /ю/ — цхьабосса аьтту, тIаккха аьрру когаш тухуш, говр ядар /иноходь/
  • йи /ду/ — пиво
  • йиз /ду/ — цIастанан я йоьзан тайпа /медь/
  • йиппар /ю/ — хаза хьожа йолу буц
  • йилбаздин /бу/ — йилбазговр, шайтIанкема /стрекоза/, дуткъа дегI, даккхий, сирла, чекхсагун тIемаш долу сагалмат
  • йилбазкIудал /ю/ — цергашна дарбане йолчу бецан тайпа
  • йис /ю/ — баца тIе я дитташ тIе диллина дуткъа лайн чкъор /иней/
  • йовхатар /ю/ — маьхчил тIаьхьара гергара зуда
  • инфикс /ю/ — керла дош кхуллуш, орамна юккъе хIутту аффикс: кIаг — кIорга, хьаса — хьаьрса, моз — мерза
  • йийбар /ю/ — цIера хIуманаш: мотт-гIайба а, пхьегIаш а, кхиерг а
  • йохкунча /ву, ю/ — шех амалан хIуьмалгаш дохку адам
  • йоьхуна /ю/ — нускал далийча луш болу там
  • йоIбIаьрг /бу/—бIаьрган чкъура кIел долу сагойту горга дакъа /зрачок/

К[править | править код]

  • када — 1/ елха, 2/ кадам бан
  • кадам /бу/ — 1/ кадам бар; 2/ елхар
  • кап /ю/ — кеп хIоттор, суртхIоттор
  • канво /ву/ — лаьцна стаг ларвен гIаролхо
  • карс /ю/ — аса, муш
  • Калак /ю/ — Тбилиси
  • калакойн Iежащ /ду/ — Калакара /Тбилисера/ Iежаш
  • корсам /бу/ — месала куй санна хеталун, кхуран генаш тIехь, я лаьттахь, я тIулгаш юкъахь хуьлуш йолу, я орам а, я заз а доцу зирхан орамат /мох/
  • карса /ю/ — еха аса, беха муш карсол /ю/ — хи дало саьнгар
  • карсхьокхург /ю/ — говран кога тIера хьаьтт
  • келап /ю/ — туп: ахчанан келап — ахчанан туп
  • керлахо /ву, ю/ — балха юкъа керла пайде агIонаш ялош вапу къинхьегамхо /новатор/ керч /ю/ — кетар
  • кит /ю/ — хIордан йоккха дийнат /иза хи чохь хуьлучу йоккхачу яйнах тера хуьлу/
  • кийтарло /ю/ — харцдар, бакъцадар, даре цадар /отрицание/
  • кит /ду/ — дийнатан цIоканан кочалла чохь латто жима тIоьрмаг /бурдюк/
  • карчолаг /ю/ — пен хьаха кечбинчу поппарх даьккхина, бела тIе диллина дакъа
  • кирша /ю/ — маIаш йолу хьайба, бежан
  • ков /бу/—металл шардеш болу, кегийра киртигаш йолу жима гIордаз /напильник/
  • ковст /ю/ — диттан чкъор
  • кост /ду/ — дIаала дахьийтина хабар, дош
  • кож /ю/ — говра тIехь мохь хьон гIирс
  • командарм /ву/ — эскаран /армин/ командующи
  • комол /ю/ — хи чохь охьаоьху шан экъанаш
  • коьчал /ю/ — гIирс, ортхал, инструмент
  • кочар /ду/ — дууш долчу чкъургийн кочар — тIерга тIе тийсина дууш долу чкъургаш
  • курс /ю/— 1/ дешаран заведенин группа; 2/ хохийн а, хорсамийн а, зезагийн а кочарш /пучок, букет/
  • кула /ю/ — гIовгIа ярца, дIасаидарца, харцахьараллица, сагатдарца, ен новкъарло курзанаш /ю/ — чу жижиг диллина юург — /пельмени/
  • куьйра /ду/ — хьаьвзина йоца зIок а, еха, ира мIараш а йолу акха олхазар /ястреб/
  • кхало /ю/ — кхалор, тIе ча а, латта а тесна тхов /кровля/
  • кхалор /ю/ — ча а, латта а тIетесна бина тхов.
  • кхалор /ю/ — ча а, латта а тIетесна бина тхов, кхало /кровля/
  • кхалкъ /ю/ — шалха чIенг, чIенга кIел севсина дилха
  • кхарта /ю/ — беран дегIа тIе долу хьар, морзгал /кррь/
  • кхалгу /ю/ — кхо га долу шеда я дечиг
  • кхахьам /бу/ — чоме хьажа, хьогамана ахьар кхаллар, сискалгIин чам баккхар  
  • кхер /бу/ — тIулг
  • кхорбIелиг /ю/ — сира мас йолу, кIайн-Iаьржа бос болу хьуьнан жима олхазар /чиж/ кхокъали /ю/ — хечин кога тIе тегна чимчаргIа
  • къепал /ю/ — эмкалийн ковра /караван/
  • къепе — бегIийла, хила езачу кепара, кепе /удобный, подходящий/
  • ковра /ю/ — эмкалийн къепал /караван/
  • къийзаг /ю/ — къийзорг /клоп/
  • къонза /ду/ — чагIаркъонза /уксус/
  • къоракхокха — кхокханан кепара жима олхазар /горлица/
  • къорзалг /ю/ — юьхьа тIера къорза тIадам
  • къоршкъали /ю/— коьрта тIе гали тесна догIадоьхург
  • къахьашто /ду/ — гIезан пелаган кепара гIа долу, къаьхьа стом болу, нийса гIад долу дитт /ясень/
  • къахк /ду/ — тIамаран кепара шуьйра гIа долу аренан дитт /клен/
  • къуьда /ю/ — гIийла, ледара стогар, къоьгам
  • къоьгам / бу/ — къуьда, гIийла стогар къуб /ю/ — коша тIехь кечдина цIа /чоь/ къуьрдиг /ю/ — къурдйоьлла котам /наседка/
  • кIац /ю/ — Iа дола гергадахча, эсарал алсамо баца тIе я дитташ тIе дуьллуш долу лайн дуткъа чкъор /иней/
  • кIадо /ю/ — мало, кIедалла, кIеда, мела хилар
  • кIай /ду/ — 1) тIам; 2) бIаьрга тIера кIайн томмагIа
  • кIаркIар /ю/ — хьеран дай чуьра тIулга тIе ялта охьадоуьйту хIума
  • кIара /ю/ — эсий Iалашден чоь /телятник/
  • кIес /ю/ — кIесаркIаг /затылок/ болу вортанан тIехьара меттиг кIесаркIаг /затылочная яма/ — вортанан тIехьара кIаг
  • кIинж /ю/— 1/ чо; 2/ кIинжех ловза кечбина кIаг /кIинжа бу/
  • кIолла /ю/ — кIон хилар
  • кIинжа /бу/ — кIинжех ловза, гала чутаса, баьккхина кIаг
  • кIомалтай /ду/ — кIомалх дина тай кIелхьардиг /ю/ — асаран буц, чхьовг /сурепка/ кIорлагIа /ю/ — вочу стагана хIоттош хилла билгало
  • кIошт /ю/ — район, участок
  • кIурам /бу/ — даш доытина, кечдина гIулг /свинчатка/
  • кIуж /бу/ — кIужал

Л[править | править код]

  • лагжайна /ду/ — йоIа коча уллуш хилла дашо хIума
  • лазартни /ю/ — жима больница /лазарет/
  • ланга, лонгу /таса, тосу/
  • лахьа /ду/ — бежан дийна, Iаьннаи жижиг кечдар
  • лард /ю/ — бух, фундамент /основа/
  • лега— 1/ оьгу; 2/ хийцало /дожаршца/
  • лаьнгар /ю/ — аганан тоьк /супник, горшок/
  • леза /ю/ — йол вордан тIехь сацо буьллуш болу лезанан гIуркх
  • легар — \I эгар, 2/ хийцадалар /дожаршца/
  • легор /легадар/— 1/ эгор, 2/ хийцар /дожаршца/
  • лем /бу/ — левар, хеттаршца дийцийтар /допрос/
  • лахьта /ду/ — коша чохь велларг дIанисван пен аьхкина даьккхинарг ленгийта — тасийта
  • леткъа — далхадо, леткъамаш бо
  • лаппагIа /ю/ — доккха доцу ледара цIа /лачуга, хижина/
  • лиэша — Iиэна
  • леча /ду/ — инзаре чехка доду, нуьцкъала, майра акха олхазар /сокол/
  • леIа — гулъян
  • лежиг /ду/ — газанан цIоканан гали
  • литота /ю/ — хIума жимдеш дийцар
  • липпар /яу/ — хаза хьожа йолу буц
  • локхар /ю/ — аса
  • лерса /ду/ — хIума хаза долу хьуьнар; бIаьрса /ду/ — хIума ган долу хьуьнар ловсакх /ю/ — локкхаг /болтушка, тухлое яйцо)
  • локкхаг /ю/ — ловсакх /болтушка/
  • лом /ду/ — цициган тайпанара, можа боца тIаргIа а болу, боьршачун еха кхес

М[править | править код]

  • м а йолу
  • магар /ду/— 1/ мегаш хилар; 2/ могуш хилар
  • мега — мегаш ву
  • могу — могуш ву
  • магар /бу/ — берцан я овесан ча
  • мадар /ю/ — таро яр, оьшург кхоош нисдар
  • мажар /ю/ — даш туху топ
  • мазапIелг /бу/ — цIейоцу пIелг
  • мекха /бу/ — аьхна латта самсадоккхург
  • мекха /ю/ — аьчга тIе диллина боьха чкъор /ржаввдна/
  • мах /ду/ — 1/ доьхкаран мах, доьхкаран юьхьиг дIатосург, 2/ сетташ га а, готта гIа а долу, толлан кепара дитт /осина/
  • маъ /ду/ — гIа долу докхан кепара дитт я колл /ольха/
  • макхо /ю/ — гамо, хьагI, вон ойла, цабезам /ненависть/, дага тIехь хуьлу мекха
  • манкха — мерах луьйш
  • маркизет /ю/ — кIади
  • марш /ю/ — мера чохь хуьлу тIеда хьаса
  • марш /ю/ — 1/ тIемалоша, салташа могIарехь йоккху гIулч; 2/ гIулч яккхарехь
  • бIаьхоша олу илли
  • марш /бу/ — кечдина йоьхь
  • маржан /ду/ — цIен тIулг /коралл/
  • мáсалла /ю/ — чехкалла
  • мисарболат /ду/ — магнит, эчиг тIелоцу болат
  • махмар /ду/ — тIехь тIамарш, дашо теш долу чилланан кIади
  • мазал /ду/ — 24 кг чуйоьду шина гирданан барамехь йолу моьрка
  • мазлагIа /ю/ — накхарш лело меттиг
  • матъян — сийсазъян, емалъян
  • маша /ду/ — шуьрин сурсат маша /бу/ — исхаран тайпа /сукно/
  • маждар /ду/ — цамгар /желтуха/
  • маждар /ду/ — маждина дIахIоттор
  • масар /ю/ — акха бож
  • моьрка /ю/ — дечиган доккха ведар
  • маьлказ /ду/ — шуьйра гIаш долу дитт /клен/
  • мергIад /ю/ — кIе юкъахь хуьлу ца оьшу горгий, Iаьржа хIуманаш
  • мержо /ву/ — карабулакец, къоман тайпа
  • менингит /ю/ — хьен цамгар
  • мерцхалг /ду/ — лазийна метхахдаьлла дилхан чкъор
  • мерцхалдиг /ду/ — олхазар, лечкъардиг, дургале /стриж/
  • мескат /ю/ — цIоканан тай /меха/ хадо у
  • меха /ю/ — цIоканан тай
  • муш /бу/ — аса /канат, веревка/
  • муьжг /ду/ — гIезан когах тера йолу юу буц /гусиная лапка, спорыш/. Иза юуш йолу буц ю, жаннашна дарбане лоруш йолу
  • муьстарг /ю/ — муьста чам а болуш, гIа санна а йолуш, юу буц /щавель/ муьрг /ю/ — муьста-къаьхьа чам а болуш, цIен бос а болуш, юуш йолу жима-
  • горга хIума /калина/
  • муьшдечиг /ю/ — къилбехьара дитт /карагач/
  • муж /бу/ — аттана ,жаржах кечбина кхача
  • морзгал /ду/ — дегIа тIе даьлла хьар /оспа/
  • мо /бу/ — чевнан я кIомаран билгало
  • миндар /бу/ — охьахууш кIелбуьллу жима гIайба
  • мискъал /ю/ — йозаллин жнма барам
  • мисхал /ю/ — жима йозалла
  • мокха /ду/ — чукагден урс
  • мокха — таьIна-сирла, бодане, Iаьржа бос
  • морса /ду/ — лимонадан тайпанара молу хи /морс/
  • моха /ю/ — 1/ аса /полоса/; 2/ оьгIазвахар, карзахвалар
  • моьрдиг /ю/ —дегIан меженан тIехулара дуткъа чкъор /плева/
  • мохса /ду/ — ниха /квас/
  • мур /ю/ — яхкаелла дечиг
  • милта /ю/ —лампин цIе лато лента /фитиль/
  • муртйолар — яхкаяла йолар
  • мурйолар /ду/ — яхкаялар
  • мур /бу/ — хан-зама /период/
  • мулк /ю/ — хьал, бахам
  • мохь /бу/ — еза хIума /груз/
  • мохь /ю/ — дегIаца йолу хьоналла /сало/
  • мохь /бу/ — генара хеза чIогIа
  • аз /крик/ мулгIа /бу/ — говр дIаюжучу гIирсан дакъа /подхвостник/
  • мукIарло /ду/ — къобалдар, даре дар /признание/
  • момсар /ю/ — маьждиган бохь /минарет/
  • мIов /ю/ — гудок
  • мимар /ю/ — маьждигехь молла кхойкху меттиг
  • милк /бу/ — ворданан чкъурган юккъера цергаш тIетуьйсу дакъа /ступица/

Н[править | править код]

  • наж /бу/ — онда гIад а, буу стоьмаш — бIараш /нежнаш/ а хуьлуш гIаш долу доккха
  • нажжаз /ду/ — наьIалт
  • нар /ю/ — маьнга
  • нехца /ю/ — балгах тера бууш болу хасстом
  • наьрт /ду/ — наьртъастхо, туьйранан турпалхо
  • нефть /ду/ — мехкадаьтта
  • нахазара — нехан доцу гIиллакх, нахах тера цалелар
  • неца /ю/ — ненайиша
  • нилха — луьста йоцу
  • никказ-яI — цавашар гойту айдардош нелхаевлла — нилха хилла дIахIиттина
  • никIапа /ю/ — хьаьж тIе яьхкина месаш
  • неI /ду/ — цIока
  • нишкахоийла /ю/ — аравоьдийла, арахоийла, хьаштагIа /агIа суффиксан гIоьнца «хьашт» дашах хилла/
  • нIаьна /ю/ — боргIал
  • ыIаьна /бу/ — даьIахк йоцу кIеда дегI долу, еха садолу хIума /червь/
  • никх /бу/ — накхармозийн яьшка /улей/

О[править | править код]

  • о аренан кIеда буц /степной ковыль/
  • объем /ю/ — барам, чухоам
  • оба /ю/ — барт /поцелуй/
  • óба /ю/ — еха бедар /халат/
  • ов /ю/ — чIерий лоьцу бой
  • ов /ду/ — тIехь жижиг дотту чIу
  • овгол /бу/ — поппарх йина горга гIорза
  • овсал /ю/ — хьайбанийн цамгар /ящур/
  • овст /ю/ — шо кхаьчна газа
  • оввай — /лазор/
  • оти /ду/ — жима цIа
  • ортхал /ю/ — коьчал, инструмент
  • охIла /ву, ю/ — шен гIуллакхан говзанча, хьуьнарча оххIай /кIадвалар/ оффай /хьожа кхетар/
  • очвалар — карзахвалар
  • оь цIегIо бос а, хаза хьожа а йолу
  • оьзаг /ю/ — 1/ жима гIайре; 2/ дегIа тIе яьллачу хIуманан орам оьмар /ю/ — стеган вахаран ерриге а хан
  • оьпа /ю/ — жима дийнат /суслик/
  • оьс /ю/ — пхи цIов

П[править | править код]

  • парди /ду/ — пондаран мерзаш кIел юьллу дечиг /пленка/
  • парду /ду/ — чкъор /оболочка/
  • пал /бу/ — 1/ таро яр; 2/ хиндерг хуучуха хабар дийцар /пал тасар/ паста /ю/— 1) юуш ерг, хасстом /дыня/; 2) цергаш цIанйийраг
  • патар /ду/ — заза, гIа /побег, росток, почка/; чIенг хецар
  • пачхье /ю/ — столица, коьрта гIала
  • паыитиг /ду/ —тхов шарбен жIов
  • пийсак /ду/ — хин кема дIадуьгуш хьокху пистиг /весло/
  • пистиг /ду/ — хьовла деш, боккхачу е чу а, хьаьжкIаш кхорзуш, куьрка а хьовзош долу пийсак /гIаж/
  • петар /ю/ — хIусам /квартира/
  • пехиг //пехк /ю/ — кIеда хIума
  • пистон /ю/ — патарма оьккхуьйту колпачок
  • поп /ду/ баьццара-сира чкъор а, шуьйра гIаш а долу доккха дитт /чинара/
  • постфикс /ю/ — керла дош кхуллуш, чаккхенна я суффиксана тIехьа хIутту аффикс /дакъалг/: Асета-м ешна, цо ешна-кха
  • потак /ду/: — 1/ юу буц; 2/ искиртиг /желудок птицы/
  • пулу /ду/ — дуганах кечбина кхача /плов/
  • пха /бу/ — цIий лиэларг /жила/ — пхенаш
  • пха /бу/ — Iодаца кхуссург /стрела/ — пхерчий
  • пха /бу/ — резина — пхенаш
  • пха /ду/ — докхан кепара долу, гIода тIехь ситтина а, чутеIна а меттигаш йолу дитт /граб/ пхьу /ду/ — боьрша жIаьла /кобель/ — пхьаьрчий
  • пхатоьда /ду/ — 1/ готанан хьонхал /лемех/; 2/ цIоканан асанаш /доьхкарш/ хедо инструмент
  • пхьагIат /ю/ — пхьаьрсан йохалла
  • пхораниг — бер хин долу зуда /беременная женщина/
  • пхьуьйрахан /ю/ — пхьор дуу хан
  • пIаьнгазхо /ву, ю/ — ПIаьнгазахь веха стаг я зуда

Р[править | править код]

  • руьйта /ю/ — хьайбанашна хи мало меттиг /водопой/
  • рагI /ю/ — хIума эца я кхечу гIуллакхана рогIе хIоттар /очередь/
  • рагI /ю/ — гонахарчу меттигал алссам лекха йолу локхалла /гора/
  • рагI /ю/ — еха а, биъсаболуш а, йоккха а ваьштайиллина йол /скирда, стог сена/ ретанг /ю/ — 1/ астагIа ког; 2/ салазан аьрша
  • речIа /ю/ — олхазарш лоьцу тIергийн гур

С[править | править код]

  • с ойла /переживание/
  • саза /ю/ — боккха чIара /сазан/
  • сазгIа /ю/ — готанан биъсаболу металлан хьоихал а, чIуг а тIетосу дакъа /грядиль/ сайра /бу/ — ялта чудухку дечиган йоккха яьшка /ларь/
  • сакх — цец /стаг/
  • сакхо /ю/ — тидам, терго, ларвалар /присмотр, настороженность/
  • сало /ю/— 1/ паргIато, 2/ токхо, атто
  • сало /ву/ — гIумкийн эла
  • само /ю/ — тидаме, сема хилар
  • самоне — тидаме, само еш
  • салт /ду/ — адам гулдеш, хаам беш кхайкхар /оьрсийн: набат/
  • сардал /ву/ — наместник, хьалха хилла областан хьаькам, куьйгалхо
  • саьхьара — сутара
  • сеалар /ю/ — гезгамаша /паутина/ сега//сиэга — лепа
  • селасат /ду/ — зевне аз долу, эшарш локху хьоза /иволга/
  • сера /ду/ — кIорнеш дахийта дехкина хIоаш /подкладень/
  • сетал /ю/ — 1/ хьостамхьовзораг /отвертка/; 2/ дато доьхкара тIе хазаллина теснарг сет /ду/ — говран хьаьжа тIехь хуьлу кIайдарг /звездочка/
  • сема — наб кхетаза
  • силу /ду/ — цIока кечъяр, дермат дар
  • синталлам /бу/ — хIума къасто деган ойланца бен таллам
  • синтагма /ю/ — маьIнин кийсак /смысловой отрезок/
  • синIаткъам /бу/ — психика, дагна сингаттаме ойланаш Iаткъар
  • синхаам /бу/ — дог-ойла /чувство, эмоция/
  • синхьаам /бу/ — синтем
  • сиппа /ду/ — аган чохь хуьлу беран хьатI чукхочу трубка
  • сир /ду/ — басар /краска/
  • сискалгIа /ду/ — ахьар /кукурузная мука/
  • сискал /ю/ — сискалгIих /ахьарх/ еш йолу юург
  • сосакх /ю/ — акха бож, Кавказехь хуьлу масар
  • сицкъар /ду/ — юткъа экъа
  • совдегар /ву/ — купец, коммерсант, торговец, хьалдолу йохкаэцар лело стаг
  • совкх /ю/ — хьайбанийн /бежанийн/ цамгар /сап/
  • совр /ду/ — 1/ цIока; 2/ шога чкъор; 3/ тоеш кечйина говран цIока /неI/
  • соз /ю/ — хьаса болу хIума
  • сос /ю/ — мекхан тайпанара орамат
  • социйла /ю/ — остановка, соцу меттиг
  • сорам /бу/ — мерза кIайн орам болу уьшалан буц
  • сте /ю/ — зуда
  • сир /ду/ — пхьегIи тIе диллина хаза чкъор
  • сега — лепа, къиэга
  • сторпал /ю/ — тхевнан чIагIонан дечиг
  • сту /ю/ — зуда-эла /княгиня, княжна/
  • сорса — оьгIазе, кIоршаме, дера, буьрса, тIечехаш
  • силлабика /ю/ — дешдакъа Iамош долу фонетикан дакъа
  • стулла /ду/ — сту хилар, зудчун олалла
  • соламтне — собаре, тидаме, самоне
  • сура — цIазаман кепара тIехь стоьмаш болу дитт /рябина/
  • сужда /ду/ — корта таIор /поклон/
  • сула /бу/ — овес, говраша юуш йолу, буьртигаш долу, сугIин кепара буц
  • сулу /ду/— 1/ хи оьцу меттиг; 2/ хи ма.ю а, говраш лийчо а меттиг
  • сунк /ю/ — 1/ залк; 2/ галц; 3/ айаелла жима меттиг
  • сунт /ду/ — боьрша бер хадор

Т[править | править код]

  • табу /ю/ — бехкаме дош, ала ца магийна дош /запрет/ талба /ю/ — нуьйра кIел, говран букъа тIе юьллу бIегIиг талмаж /ву/ — талмажалла дийриг /устный переводчик/ тангIалкх /ю/ — стаг ирхъуллу бIогIам /виселица/
  • тапта /ду/ — чилланан кортали
  • тар /ду/ — мела наб /дремота/
  • тар /ду/ — товш хилар, дика а, хаза а хетар
  • тайдоккхург /ю/ — пIелга тIе йолу хIума, ахкарг /панариций/; и лазарна сатохийта дечгапондар локхуш хилла
  • тахта /ю/ — лист, кехатан, ангалин, дуткъачу аьчган йоккха тахта
  • таьжгенаш /ю/ — язораш /затяжки/
  • тайша — боьмаша, таьIна-цIен-можа /коричневый/
  • таьлсаш /ду/ — ши ога долу чу хIума юьллу тIоьрмаг
  • тассам /ю/ — исбаьхьаллан васташкахь дахаран бакъдерг гойту кхолларалла /искусство/ текъа — леткъа — далхадо
  • текъам /бу/ — леткъам, далхадар
  • тема /ю/—дийцаран чулацаман ойла
  • тема /ду/ — таро яр
  • терсмаймал /ду/ — уггаре а чIогIачу болатан тур /терсмаймун/
  • терхи /ю/ — полка
  • тохка /ду/ — бод текха ца латийта, хьорсуш долу кIеззиг бен доцу дама
  • теIа — охьатеIа
  • тикма /ю/ — бедар тIехь йина чилланан хьесан тIамар
  • тарсал /ю/ — цицолаг, цестарг, диттан пхьагал /белка/, буькъа кIеда чо болу, хьуьн чохь хуьлу дитта тIе йолу пхьагал
  • тосадала — хаадала, гучудала, дуьхе кхиа /распознаться, чуяться, почуяться, обнаружиться/
  • тусадала — дахчадала, чIагIдала /отбить, накалить, закалять/
  • тиймак /ю/ — нуьйран дакъа /тебенек/
  • тоба /ю/ — группа
  • торгIал /бу/ — къорза етт
  • торгIала — къорза
  • томарк /ю/ — буьххьехь муцIара корта болу лекха уьшалан буц /рогоз/
  • тоьк /ю/ — беран аганан горшок
  • тулка /ю/ — чкъурган юккъера милк /втулка/
  • турс /ду/ — 1/ мачин йистана лоцу хIума, 2/ стоьмаш хилла бовлар, 3/ тур ца кхетийта дуьхьаллоцу аьчган хIума
  • турс /ю/ — диттан тайпа, онда гIад долу, лекха доцу дитт
  • туьйлаг /ю/ — зингатийн барз
  • туьллиг /ю/ — пайде воцу стаг, пайда боцу хIума
  • толла /ду/ — кIади дечу чорхан чIегIиг /челнок в ткацком станке/
  • товрат /ду/ — библин бакъонийн гулам
  • тутмакх /ву/—лаьцна стаг /арестант/
  • товбуц /ю/ — хьаькхначун метта, керла юхаяьлла буц /отава/
  • туьйдарг /ду/ — кучан чета тIехь вета я нуьйда дIайолла йинарг /застежка/
  • туьта /ю/ — 1/ коьртан туьта /череп/; 2/ хи чохь нека дан Iемаш юкъахйоьхку шина декъах лаьтта хIума
  • туьтмIаьжиг /ю/ — коьртах юллу маска
  • тха /ду/— 1/ бетта тIаргIа; 2/ гурахь лергина баьккхина тIаргIа
  • тхи /ду/ — Iуьйранна хьалххе баца тIе дехкина хин сирла тIадамаш /роса/ тхинчо /бу/ — хьаьрса чо
  • тхонка /ду/ — тIаргIа
  • тхьамстха /ю/ — дечиган дакъарна тIе тосу дукъарц /планка ярма/
  • ткъов /ю/ — догIа а, ло а ийна йолу йочуна /дождь с мокрым снегом/
  • ткъарш /бу/ — ткъов бахьанехь хIоьттинчух, шаткъанах ткъарш олу /лаьттахь
  • тIехь чилланан теца диллина куьце сурт
  • тIамари /ю/ — хи чохь нека деш ласто пхьарс
  • тIар /бу/ — аьттан шура чохь хуьлу, эса дакхо меже /сосок/
  • тIара /бу/ — бедар латош, пIелгах юллу металлан колпачок /наперсток/
  • тIара /ду/—ластийна тухуш долу куьг /ладонь/
  • тIармаIа /ю/ — берана шура яо шишан тIе тосу колпачок /соска, рожок/
  • тIаус /ю/ — хаза мас йолу олхазар /павлин/
  • тIéкха /ду/ — кIалдан а, морзин а берам /чуьхьа/ кечден шелиг
  • тIуьллиг /ю/— 1/ харц хабар; 2/ харц хабар дуьйцу — тIуьллиг буьйцу стаг тIуьйлаг /ю/ — тиша бедар
  • тIекIиръяр —тIесихъяр
  • тIингар /ю/—доккха гай
  • тIилд /ю/ — нIаьнин /боргIалан/ коьртан тIилдиг
  • тIод /бу/ — ког /лапа/
  • тIуьск /ю/ — коьртан туьта

У[править | править код]

  • 2/ бедара
  • убар /ду/ — кошара ара а волуш, адамашна юкъавогIу бохуш, вуьйцу велларг улх /ю/ — накхар чохь балозан киртикаш /соты/
  • улхоз /ду/ — шен дола дохуш, цIаьххьашха гIулгашна катохар: «улхоз дай сан!» упха /ду/ — коша чохь веллачун дегIаца нисдеш хIоттош долу у
  • утаркх /ду/ — мачи чу юьллу бIегIиг
  • уьралла /ю/ — ира хIума, урс, ю, тукар, и дI. кх. а
  • уьсанг /ю/ — хIусам

Х[править | править код]

  • хама /бу/ — сий, ларам
  • хан — 1/ зама; 2/ эла, хьалдолу стаг
  • ханша /ю/ — зуда-эла, сту
  • харданг /ю/ — къамкъарганий, искиртигний юккъера трубка /зоб/ хасп /ду/ — жижиг даккхар, дохкар
  • хуьнжар /ду/ — хечин борчах тосуш долу, тех дуцуш дина доьхка. . хайра /ду/ — рицкъа, беркат
  • хатт /бу/ — хиэ тIадийна лаьттан чкъор /грязь/
  • хатт /бу/ — бедарна тIехуттуш долу кIадинан дакъа /сборка, клин/ хесара — оза, гIийла
  • хеха /бу/ — хи тIе хIоьттина баьццара бос болу уьшалан чкъор
  • хешт /ду/ — нека деш долу экха, хаьштиг
  • хаьштиг /ду/ — 1/ хешт, нека.ден экха; 2/ яьгна дечиг, цIе дIаяйна а, яза а йолу дечиг
  • хенан хIоттам /бу/ — хIо-марха /ю/, Iаламан хIо-мархин хьал /погода/ хоти /ду/—дитташ доцу хьуьнан аса, хьуьнан йист /опушка, поляна/ хуьйсахо /ву/ — хесан хехо
  • хьаго /ю/ — хьогалла
  • хьайба /ду/ — бежан
  • хьайба /ю/ — стом /айва/, хаза, тамехьа хьожа йолу, Iежах тера стом
  • хьакхолг /ю/ — коган, гоьлан даьIахк
  • хьама /бу/ —ларам, лерам
  • хьано /ю/ — хьоналла
  • хьаладан /хьалакарчо /пхьуьйшаш/
  • хьар /ду/ — дегIа тIехь хуьлу сурхаш, чераш /сыпь/
  • хьаре — хьар долу /сыпной/
  • хьаргIа /ю/ — Iаьржа къийг /черный ворон/
  • хьаса /бу/ — хьаьжкIан хьаьрса кIужал /метелка/
  • хьасене — кIеда-мерза
  • хьалхо /ву/ — хьалдолу стаг, хьолахо, хьолада
  • хьатI /ду/ — жаннаша къастош йолу кочалла /моча/
  • хьаьжо /ву/ — хьаьжацIа ваханарг /хаджи/
  • хьаха— 1/ кIордо; 2/ поппар хьаха
  • хьацархо /ву, ю/ — хьацар доккхуш, къахьоьгуш волу къинхьегамхо /труженик, -ца/ хьашлагIа /ю/ — хIума а йиллина, къовсар, /пари/
  • хьаьвхье /ю/ — малх ца кхочу, IиндагIа долу басе /теневой склон горы/
  • хьаькназ /ю/ — нехашкхуьссург, аьшкал /совок/
  • хьаьхьамч /ду/ — клей
  • хьаьрмик /ю/ — шена тIехь зезагаш а, кегий гIаш а, бууш болу цIен горгий стоьмаш а, кIохцалш а долу колл /шиповник/
  • хьер /ю/ — 1/ ялта охьу хьер /мельница/; 2/ кхача /юург/ охьу хьер /желудок/
  • хьекхорг /ю/ — IаьIан доккха гIа
  • хьех — 1/ адаман дагах тера хеталуш, цергаш йолуш санна долу гIаш долу, чIогIа тамехьа хьожа йолу, мезан мутта шех дблу зезагаш тIехь хуьлу дитт /липа/; 2/ ламанан бож /тур/; 3/ лаьтта бухахь я ламанан бердах йоллу чоь санна меттиг /пещера/
  • хьокх /ю/ — томмагIа /пятно/; д. т. хьоькхнаш
  • хьокъа — карзахе, оьгIазе, челакха, аьрха, хадоза, айгIаре хьормат /ю/ — боккха муцIара кхор /груша/
  • хьонхал /бу/ — готанан латта оху урс /лемех/
  • хьорка /ю/ — коган гола /лодышка, шикотка/
  • хьонкмача /ю/ — хьонкин корта
  • хьу /ю/ — чов шелъялар, хьу йолар
  • хьукма /ду/ — гIуллакх, ирсе хилар-цахилар
  • хьукмат /ю/ — учреждени
  • хьуьнкIаш /ю/ — шелваларца синош дахар
  • хIуй /ду/ — наьIалт /проклятие, анафема/
  • хIуй-пака— /в пух и в прах/
  • хIайбат /бу/ — безам, товш хаза хетар /симпатия/
  • хIайбате — товш, куц долуш, безамехьа /симпатичный, -ая/  
  • хIо-марха /ю/ — Iаламан хIо-мархан хьал, хенан хIоттам /погода/
  • хIор /ю/ — гIийла бежан
  • хIора — ша-ша
  • хIож /ю/ — 1/ дечиган йоккха жIов; 2/ нуьйран гIонжагIа
  • хIост /ду/ — бежан довзийта билгало яр /метка/
  • хIушт /ду/ — хIума цанисдалар
  • хIуй-пакаяьккхира — йохийна, яржийна дIаяхийтира /разнес в пух и в прах/
  • хIушт-пушт — бен а ца хеташ, пайда боцчу кепара хIума дар /тяп-ляп или тяп да ляп/ — хьапар-чупар /ду/
  • хIуштар-пуштар /ду/ — кхоччуш хьекъале маьIна а доцуш, дуьйцу пайде доцу хабар


Ц[править | править код]

  • цергков /ю/ — церг дIаяьлла меттиг
  • цим /бу/ — стим, питана
  • цхьалла /ю/ — ша висар, цхьан висар /одиночество/ цхьаалла /ю/ — единство, цхьабарт болуш хилар цхьалгу /ю/ — цхьа га долу шеда я дечиг
  • цхьалхо /ю/ — къасто, къастам, билгало /результат/
  • цIагара — цIога доцу /куцый/
  • цIарз /ду/ — охьаоьгуш долу я даима сийна лаьтта гIаш долу колл /бересклет/
  • цIаста /ду/ — 1/ йиз /медь/; 2/ кIиранан пхоьалгIа де
  • цIетт /ду/ — мостагIчуьнгара даьккхина герз а, кхин хIума а
  • цIингаш /бу/ — мийраш кхиссар
  • цIинжий /бу/ — шо сов кхаьчна стен Iахар
  • цIинто /бу/ — шо сов кхаьчна боьрша Iахар
  • цIинцIолаг /ю/ — кийсак, кусок
  • цкъар /ду/ — цаьпцалгийн екар
  • цкъарг /ю/ — хьонкица йолу яа ца мега буц
  • цIодар /ду/ — гIийла бер
  • цIокъ /ду/—леопард, цицигах тера томмагIаш долу, къорза мохарчий йолу экха.
  • цIокъберг /ю/ — барс, цицигах тера а, томмагIаш а, сира а, кIуьрах тера а, тIаргIа болу доккха экха
  • цIуьхIар /ву/ — напха гулдийриг
  • цIоькъалом /ду/ — тигр, къорза мохарчий йолу, цицигах тера долу, нуьцкъала, буьрса экха
  • цIохар /ду/ — металл а, дечиг а кечден станок
  • цIом /ю/ — 1/ пийлан мара /хобот/; 2/ муцIар
  • цIула — кIиранан ворхIалгIа де
  • цIумока — кIиранан йолхалгIа де
  • цIулласара /бу/ — буткъа сара
  • цIура — боьршаллин гIора доцу стаг — импотент


Ч[править | править код]

  • чабакх /ю/ — шуьйра чIара /леш/
  • чабол /ю/ — цхьабосса хьалхара цхьаъ, тIаьхьара цхьаъ когаш ойуш, говр ядар /рысь/
  • чаккхарма /ю/ — километрал алсамо меттиг /верста/
  • чангIалкх /ю/ — экха /шакал/, еллачу хIуманан жижиг дуу, жIаьлех тера экха /дийнат/ чаьрпаз — мехкарийн гIабалин хаза кечдина дато туьйдарг /нагрудная застежка на праздничном платье горянки/
  • челакха — аьрха
  • черт /ю/ — къожах йина истанган метта кIелтосург /циновка/
  • чет /ду/ — кучан нуьйдарчий дIаюхкучу йисте кIадинан аса тIелатийна дакъа
  • /манишка/
  • чилла /ю/ — Iаьнан шийла хан
  • чарто, курчало, Iаларо — тайпанаш ду
  • чин /ду/ — дарж, гIуллакх .
  • чинт /ю/ — чкъура тIе хIоьттина жима бог /бородавка/
  • чуьхьа /ду/ — кIалдах, морзих кечбина берам
  • чийрик /ю/— сохьтан доьалгIа дакъа, 15 минот
  • чинлик /ду/ — ведар
  • чик /бу/ — гIулган агIо
  • чайтаI /ю/ — чен кIорни /медвежонок/
  • черо /ю/ — ловзочу кехатийн биъсаберг
  • чамбуц /ю/ — хаза хьожа а, дика чам а болу юу буц /петрушка/
  • чераш /ду/ — кIомарийн даI
  • човка /ю/ — Iаьржа мас йолу, сийна бос лепа, бовхачу махка дIадоьдуш долу олхазар /грач/
  • чола /куй/ — сира /куй/
  • чорда — чекхсагуш /киса/
  • чупара — кхартматтане, къорза, аьгна /юьхь/ — рябой
  • чукаре /ю/ — хIусаме дIа а воьдуш, хьошалла я гергарло лелор
  • чуха /бу/ — цкъа а ларгаза Iахар
  • чуха /ю/ — аса
  • чучал /ю/ — тоьпан балл, хиэна тIе биргIа чIагIъен чIуг /закрепительное кольцо
  • винтовки/
  • чхьовг /ю/ — аренан асаран буц /сурепка/
  • чхьоч /ю/ — буппаз, стомма, верстина стаг
  • чхьонкар /ю/ — буьххьехь корта болу гIаж /дубинка/
  • чухта /ю/ — йоккхачу стеган коьртатуьллург
  • чуьйна /ду/— 1/ чохьлазар, чолазар; 2/ чугун
  • чIама /ю/ — хьаьжа тIехь сет долу дийнат
  • чIана /ю/ — хIусаман беркат, рицкъа, ялта
  • чIапа — шера, нийса
  • чIаплам /бу/ — шера, нийса лам
  • чIачкъа — бага а гIаттош, бесни озо
  • чIегIиг /ю/ — 1/ бедар тоьгучу чорхан тай тIелистина чIу чубуьллу гуй /челнок в швейной машине/; 2/ суьйлакъиг; 3/ хьаьжкIан гIад, хьаьжкIан чIегIиг чIерийлоьцург /ю/ — дуткъий, дехий когаш а, еха зIок а, деха лаг а долуш, чIерий
  • лоьцу уьшалан олхазар /цапля/
  • чIерийлецархо /рыбак/ — чIерий лоьцу стаг
  • чIеIа — соьцуш велха, цIийза
  • чIиж /ду/ — цамгарна дуьхьал кочахь лело хIума /амулет/
  • чIим /бу/ — юуш йолу орамат, цу бецан орам /стом/
  • чIинт /ю/ — кран, хи арахоьцу трубка
  • чIиркъе — оьгIазе, кIоршаме
  • чIода /ду/ — уьстагIий лоргу тукар чIоь /бу/ — ялта чудухку до /ларь/ чIаж /ду/ — кIорга басе, готта Iин чIоьндарг /ю/ — зурма /чунгур/
  • чIуноста /ю/ — настаран даьIахк

Ш[править | править код]

  • шамали /ю/ — пастанах тера жима хасстом /канталупа/
  • шалмаз /бу/ — накхармозийн хьаьхьамч /прополюс/
  • шаткъа /бу/ — 1/ ткъарш, ло а, догIа а ийна; 2/ дингад /ласка/
  • шатлакх /ду/ — салют
  • шаршолаг /бу/ — шахьаьхна басе, шу, барз
  • шедаг /ю/ — 1/ эрзах я дечигах йина музыкальни инструмент /свирель/; 2/ пеша хIупъэриг /трубка/
  • ше /ю/ — нанапIелган, цIазапIелган юкъаметтиг
  • шерет /ду/ — бахам бекъар
  • шере /ю/ — лергайоьдург
  • шинар /ду/ — шо кхаьчна бежан /къона, жима, стен оса/ — телка
  • шинара /ю/ — кIиранан шолгIа де /вторник/
  • ширдолаг /ю/ — тIулгкхуссург, овгол кхосса кечйина, тIийраг тесна гIаж
  • ширма /ю/ — коре уллу кIади
  • шо /ю/ — акха газа
  • шовр /бу/ — кIалд чуйилла бина туьхаберам
  • шовхалди /ю/ — асаран бецан тайпа
  • шоршал /ю/ — олхазар /дрозд/, эшарш локху хьуьнан хьоза
  • шун /ду/ — юург тIехь стол
  • шу /бу/ — барз
  • шуьста /бу/ — ши сту
  • шаткъам /бу/ — моьлкъа /медяница/
  • шокъали /ю/ — хIоъ, даьндарг /пуля/

Э[править | править код]

  • эвхье — эхье
  • эвхьаза — эхь доцуш
  • эвлаяъ /ву/ — шайх
  • эгIаза — жима, оза, гIийла, хесара
  • экха /ю/ — носилка
  • экха /ду/ — акхаро /зверь/
  • экам — хIума атта хаалуш, хIума ца лалуш, атта оьгIазвоьдуш
  • элтар /ду/ —Iахаран холхаз
  • эр /ду/ — таллархойн жIаьла
  • эр//иэр — вовшахъэр
  • эмалк /ю/ — Iамоза, аьрха, акха говр
  • эра /ка/ — хадоза /ка/
  • эхиг — ах, ахъяьлларг
  • элхьамч /ду/ — кIохцалш долу, дуккха а гонах йийгIича, кертан метта а мега йолчу
  • энаюкъ /ю/ — юккъера юкъаметтиг
  • энже — кIоршаме, оьгIазе, инзаре, карзахе /грубый, страшный/
  • эриг /ду/ — 1/ ловзочу кехатийн жIарийн салти /валет/; 2/ олуш дерг /сказуемое/ эханг /ду/ — тIергIан тай


Ю[править | править код]

  • юкъанаюьллург /ю/ — мехкарша хи хьош, дегIаний, кIудалний юккъеюьллург юкъалеларг /ду/ — 1/ юкъарло дуьйцу стаг; 2/ тардинчу маьIнехь: ахча
  • юдар — кIез-кIезиг яржош тасар
  • юкъарло /ду/ — юкъаметтиг тоеш, машар беш дийцар
  • юкъарло /ю/ — доза тухуш, керт къастош, юккъе хIоттийна керт, дина ога
  • юм — говр кхиссалуш ядар /галоп/
  • юкъаршлахь — дуккха а хIуманашна я бахамашна юкъахь
  • юкъанаьккхара — юккъера, юккъерчу барамехь
  • юккъерхо /ву/ — юккъера бахам берг, къехочунний, хьалхочунний юккъера вахархо юкъъяла — лустъяла, юькъа хилла дIахIотта /сгустеть/
  • юкъаяла — /саьнгар/ — юза, дIаюкъаяла
  • юхашха — чуьраяьлла хенан маьIиг йолу астагIниг /хромой с вывихом бедра/
  • юьсте /ю/ — таллар /охота/
  • юьхьдагна — гIиллакхана
  • юьхьдагалла /ю/ — гIиллакх лардар, юьхь ларъяр юьхькIеда /стаг/ — мела амал йолу /стаг/

Я[править | править код]

  • яйдакх — нуьйр тиллаза
  • яйлла /ю/ — яйн хилар /легкость/
  • язо /ю/ — еза хилар /вес/
  • ялкха /ю/ — чкъургаш тIехула хIоттийна ворданан цIа /ога/ ялпор /ду/ — металлах йина хIума цIанъен гIоргIа кехат /наждак/ ямбаш /ду/ — астагIниг
  • яча — йочуна хила


I[править | править код]

  • IаддаргIа /ю/ — Iодан тIийриг тIетосу гIаж /дуга лука; развалина рогатки/
  • Iажаркх /ю/ — бецан тайпа /пырей/
  • IаммагIа /ду/ — IандагIан кепара долу, къилбехьара, гIаш долу доккха дитт /карагач/
  • Iарч /ду/ — 1/ стигал /небо/; 2/ ворданан аьрша /оглобля/; 3/ Iарш /высь/
  • IаьIа /бу/ — шатайпанара гIаш долу асаран буц /лопух/
  • IаьIалаг /бу/ — жима IаьIа, асаран буц /лопух маленький/
  • Iожа — сирла-можа-бора /бос/ — буланый /цвет/
  • IонтIаз /ю/ — дарбанан буц /девясил лекарственный/
  • IуьIа /ю/ — гIулг /альчик/, гIулгIан агIо
  • IандагIа /ду/ — онда гIад а, гIаш а долу лекха, доккха дитт /ильм/
  • Iаьвла Iахар /бу/ — Iа чекхдолуш, бIаьстенан юьххьехь бина Iахар
  • Iеха /бу/ — аренан буц, хьагI-буц, хIуманна гонах хьерчаш, кхуьуш йолу, шена тIехь кIайн-сирла-цIен зезагаш хуьлу аренан асаран буц /вьюнок/