ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Buto (обсуждение | вклад) Новая страница: «thumb| ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа '''ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа''' — (en. ''Honey Buzzard''), (оьрсаша «''Осоед''» олу). Деха цӀога а долуш, готтий тӀемаш а долуш, лечанах тера гӀиргӀа ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чукӀело сирло ю, ал тӀедарчий а долу...» |
(нет различий)
|
Текущая версия от 15:05, 2 февраля 2025
ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа — (en. Honey Buzzard), (оьрсаша «Осоед» олу). Деха цӀога а долуш, готтий тӀемаш а долуш, лечанах тера гӀиргӀа ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чукӀело сирло ю, ал тӀедарчий а долуш. Декаран аз иштта ду: «кии-е!» я чахко "ки-ки-ки-ки! " Европехь хьаннаш йолчу меттехь а, буц аренашкахь а, Малхбузехьа Сибрехахь а, Жимчу Азехь а вайн лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а ду и тайпа гӀиргӀанаш. Баннаш лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Май бутт болалуш до цара баннаш, шен гӀашца схьадаьхначу диттийн маргӀалех.
- ХӀоа I-2 до жимма цӀиэ хеталуш ал басахь хуьлу уьш. КӀорнеш дас, нанас шиммо а кхобу. Гурахь октябрь баттахь кхузара йовхачу метте дӀакхелха уьш. БӀаьста апрель баттахь юха догӀу. Даар накхаран мозий, зӀуганаш, церан кхоьбарчий.
Суьрташ[править | править код]
-
Pernis apivorus