Бешара хьоза: различия между версиями

Материал из Тептар
Перейти к навигации Перейти к поиску
Новая страница: «thumb| Бешара хьоза thumb|''хIоаш'' '''Бешара хьоза''' — (оьрсаша «Лазаревка» олу). ТӀемаш а цӀога а сийна ду букъ баьццара бу, хьаж кӀай ду цуьнан, беснеш а кӀай ю, лаг Ӏаьржа ду,...»
 
(нет различий)

Текущая версия от 16:56, 2 февраля 2025

Файл:Лазоревка (Cyanistes caeruleus), Битцевский лес.jpg
Бешара хьоза
Файл:Cyanistes caeruleus caeruleus MHNT.ZOO.2010.11.181.36.jpg
хIоаш

Бешара хьоза — (оьрсаша «Лазаревка» олу). ТӀемаш а цӀога а сийна ду букъ баьццара бу, хьаж кӀай ду цуьнан, беснеш а кӀай ю, лаг Ӏаьржа ду, хандаргана тӀоьхула а Ӏаьржа мас ю. Накха можа бу, чукӀело а можа ю. Хьуьн чохь а бошмашкахь а хуьлуш ду и тайпа хьоза. Баннаш дечу хенахь цхьана хуьлу стен боьршан шиъ. Диттан гаьннаш тӀера каде ду гӀаттар, кхечу гаьн тӀе хаар. Бен диттан хари чохь бо. ХӀоьаш апрель-май баттахь до 5-10. ХӀоьаш кӀай хуьлу, цӀиэ бос бетталуш, ал тӀедарчий а долуш. Декар иштта ду: «Ци-ци-цӀир-р-р».

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]