Баьццара жӀалин-къоьрг: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Buto (обсуждение | вклад) Новая страница: «thumb| Баьццара жӀалин-къоьрг '''Баьццара а хуьлу жӀалин-къоьрг'''. Оьрсаша «Зеленая щурка» олу цунах. Вукха жӀалин-къоьргах тера ю иза. Бос жимма хийцабелла баьццаро хилар бен кхин бошхо йоцуш. ЗӀакарна тӀера дуьйна бӀаьргана тӀоьхула...» |
(нет различий)
|
Текущая версия от 17:26, 2 февраля 2025

Баьццара а хуьлу жӀалин-къоьрг. Оьрсаша «Зеленая щурка» олу цунах. Вукха жӀалин-къоьргах тера ю иза. Бос жимма хийцабелла баьццаро хилар бен кхин бошхо йоцуш. ЗӀакарна тӀера дуьйна бӀаьргана тӀоьхула кӀесаран кӀог тӀе кхаччалц Ӏаьржа сиз доьду цунна. Хьаьжа йукъ а, бӀаьргана лакхара а стигалан басахь ю. Логан кӀело хьаьрса ю можо хеталуш.
Хинбердан йистошкахь, тогӀешкахь, буц-аренашкахь хуьлу уьш. Дахар дӀай-схьай кхелхаш ду. Баннаш бердах доху цара. ХӀоьаш май-июнь баттахь до 5-8. ГӀеранаш йой лела жӀалин-къоьргаш.