ЧӀоб: различия между версиями
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|ЧӀоб '''ЧӀоб'''— (Coracias garrulus). Оьрсаша чӀоьбах «Сизоворонка» олу. Кхокх...») |
Mansur700 (обсуждение | вклад) |
||
(не показана 1 промежуточная версия этого же участника) | |||
Строка 5: | Строка 5: | ||
== Билгалдахарш == | == Билгалдахарш == | ||
== Хьажорагаш == | == Хьажорагаш == | ||
[[ | [[Категория:Олхазарш]] |
Текущая версия от 01:23, 30 января 2022
ЧӀоб— (Coracias garrulus). Оьрсаша чӀоьбах «Сизоворонка» олу. Кхокханалла олхазар ду иза. Баьццаро бос бетталуш стигалан басахь ду цуьнан дегӀ. ТӀемаш таьӀночу басара сийна ду. ЦӀога а оццу басахь ал ду цуьнан. ЧӀоьбан дахар аренашца ду. Къилбехьа довхачу мехкашка дӀай-схьай кхелхачех ду иза. ЧӀоьбаша баннаш диттийн харанаш чохь а, хин тогӀийн кортошкахь а, хин бердашца а до. ЗӀакарца а, мӀарашца а охкуш бердах а боккху чӀоьбо бен. ХӀоа 4-6 до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а, шишша цхьана кхетий а хуьлу уьш. Телеграфан сераш тӀехь, я диттан дакъаделлачу гена тӀехь цхьаъ ша Ӏеш го чӀоб дукха хьолахь. Гуьйранна къилбехьа бовхачу мехкашка дӀакхелхаш, цхьанакхетий, гӀера йо цара. Церан даар моьлкъарчий, дехкий, кхин йолу садолу хӀумнаш ю. ЧӀоб буьйсанна дека «ЧӀо-об, чӀо-о-об» бохуш, цхьана эшарехь шиъ-кхоъ секунд юкъаюлуьйтуш.