Селаст: различия между версиями
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Селаст '''Селаст'''— (Oriolus oriolus). Оьрсаша селасатах «Иволга» олу. Боьршачу...») |
Mansur700 (обсуждение | вклад) Нет описания правки |
||
Строка 5: | Строка 5: | ||
== Билгалдахарш == | == Билгалдахарш == | ||
== Хьажорагаш == | == Хьажорагаш == | ||
[[ | [[Категория:Олхазарш]] |
Текущая версия от 17:51, 1 февраля 2022
Селаст— (Oriolus oriolus). Оьрсаша селасатах «Иволга» олу. Боьршачу селасатан тӀемаш а, цӀога а зӀакара тӀера дуьйна бӀаьрга тӀе кхаччалц, дехьий, сехьий шиъ сиз а Ӏаьржа ду. Важа долу дегӀ къеггина можа ду. Стечу селасатан букъ, можа бос а бетталуш, баьццара бу. Чукъело, можа бос а бетталуш, кӀай ю, мокха тӀедарчий а долуш. Нилхочу хьуьн чохь а, стоьмийн бошмашкахь а хуьлу уьш. Селсаташ дӀай-схьай кхелхаш ю. БӀаьста яьлчи апрель баттахь, бовхачу махкара вай долчу схьайогӀу уьш, гурахь сентябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка дӀайоьлху. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а лела уьш. Лаьтта охьахууш, гӀиллакх дац церан. Цхьана дитта тӀера гӀевттича кхоьчу дитта тӀе ховшу уьш. Екар зевне ду церан. Цкъацкъа «чӀий-и-йкъ» «пӀаьв-плаьв» олий ека. Цкъацкъа «плю-тиу-лиу» бохуш ека. Бен дитта боьххьехь бо селасата. ХӀоьаш май-июнь баттахь до 3-4. Бос кӀайн бу хӀоьийн, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш.