ЦӀик-цӀик хьоза: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|ЦӀик-цӀик хьоза '''ЦӀик-цӀик хьоза''' — (en. Sedge Warbler), (...») |
Mansur700 (обсуждение | вклад) Нет описания правки |
||
Строка 5: | Строка 5: | ||
== Билгалдахарш == | == Билгалдахарш == | ||
== Хьажорагаш == | == Хьажорагаш == | ||
[[ | [[Категория:Олхазарш]] |
Текущая версия от 01:44, 30 января 2022
ЦӀик-цӀик хьоза — (en. Sedge Warbler), (Оьрсаша «Камышовка барсучок» олу). Генарчу малхбалехь Хьасан Ӏоман берда йистошца ду ЦӀик-цӀик хьоза. Кхин иза хуьлуш меттиг яц билгалъяьлла Ша1ми-Юьртана къилбаседехьа Ӏаьсан тогӀий йоцург. Оцу Ӏаьсан тогӀи чохь Ӏаьржачу толлан кондаршна тӀехь декаш хуьлура и тайпа хьозий. Дакъаделлачу синтарна тӀе а хоий декара иза иштта. «ЦӀик-цӀик-цӀик-цӀир-р-р-р!» олий. Дуткъа дегӀ а долуш, мокха хьоза ду иза. Баннаш толлан кондаршна юккъехь, бацалахь до цара. ХӀоьаш кӀайн хуьлу ал тӀедарчий а долуш 4-5. ХӀоьаш апрель-май баттахь до. Чуьркаш а, мозий а кхин йолу садолу хӀумнаш йоу цара. Ӏаьсан тогӀийна лаххьа Шалажца йолчу ДалинтогӀи чохь а, Бекшан тогӀи чохь а хуьлуш ду и тайпа хьозий.