Зу: различия между версиями

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
(Керла агӀо: «300px|right|thumb|Зу ''Зу''' — ({{lang-ru|Еж}}) олу. Цунна дукхаеза бошмаш, хьаннийн йистош...»)
 
Нет описания правки
 
Строка 10: Строка 10:


== Билгалдахарш ==
== Билгалдахарш ==
{{Билгалдахарш}}
 


== Хьажорагаш ==
== Хьажорагаш ==


[[Кадегар:Акхарой]]
[[Категория:Акхарой]]

Текущая версия от 17:44, 1 февраля 2022

Зу

Зу' — (оьрс. Еж) олу. Цунна дукхаеза бошмаш, хьаннийн йистош, дечагийн кондарш.

  • Зуно бен бо дечиган хари чохь, дечигийн кондаршлахь, кхеллешна юккъехь, гӀан патаршлахь, коьллийн керта кӀел, я къухашлахь таьӀначу меттехь. Буха кӀеда мотт буьллу цо, екъа буц, гӀаш, иштта кхин йолу кӀеда хӀума буха а тосуш.
  • Зуно кхаанна тӀера бархӀанна тӀекхаччалц кӀорнеш йо. Зунан кӀорнеш ирча хуьла, са а ца гуш, тӀехь чо а боцуш, ерзина. Нилхха кӀайн, кӀеда кӀохцалий хуьлу цунна тӀехь. Шен бен цхьанна тосабелчи кӀорнеш кхоьчахьа дӀахьо зуно. КӀорнеш дукха ца Ӏа шайн ненаца. Ши бутт кхаьччи шаьш йовлий юьйлало уьш. Ӏаьнна кечам бан ца хууш Ӏай ледарчу хьелашкахь юьсу кӀорнеш. Цундела уьш дукхах ерш шелонна ле. Шийла Ӏа деъчи яккхийрнаш а ле шелонна, Ӏаьнна чукъовлаелла яцахь.
  • БӀаьста, Ӏаьнан хӀусамера арайолий, йолало зу, шелонаш дӀаевллачул тӀаьхьа. Итт градус йовхо хиллалц бенахь йижина Ӏуьллу зу.
  • Дийнахь, малхехь йох а луш йижна Ӏуьллу зу, буьйсанна ижу лохуш йолало. Ижо лахар бен гондхьа долчуьнан бала кхочуш яц иза. БӀаьраса дика дац цуьнан. Меттах а ца вуьйлуш Ӏадда лаьтташ волчу стагана когаш кӀел схьайолу иза. Шен и муцӀар когарчу мачех дӀаӀоттаелчи хьоршам а тухий, муцӀар кӀел а хьош, дӀахьаьрчий кӀохцалийн уьйриг хуьлу. Вист а ца хуьлуш стаг Ӏадда сецчи юха а йолало иза. Толлачу хенахь нисса дӀайоьду зу шена хьалха нисъелл-еллачу хӀуманах хьожа а йоккхуш, яй йорт а етташ. Зуно садолу хӀумнаш йоу, кхаьсттина чхьаьвригаш. Текхарг а, моьлкъа а боу цо лаца ка яьлчи. Текхарг шех лата доьхьалбаьлчи, иза кхеро, ша лаьттачохь кхисса а луш, маторо санна, гӀовгӀа йо цо. ТӀаккха иза дӀаболалушшехь, катухий, цӀога схьалоцу. ДегӀ зунна тӀе детташ, кӀохцалий Ӏитталуш текхарг ле. КӀохцалах хӀума хьакхаелчи кхоссало зу. Буьйсанна къаьсттина оьгӀазе хуьлу иза, лата доьхьал а уьдуш.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]