Акха сту: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Акха сту '''Акха сту''' — ({{lang-ru|Зубр}}) олу. Акха сту онда бу док...») |
Mansur700 (обсуждение | вклад) Нет описания правки |
||
Строка 9: | Строка 9: | ||
== Билгалдахарш == | == Билгалдахарш == | ||
== Хьажорагаш == | == Хьажорагаш == | ||
[[ | [[Категория:Акхарой]] |
Текущая версия от 17:39, 1 февраля 2022
Акха сту — (оьрс. Зубр) олу. Акха сту онда бу доккха дегӀ а долуш; боккха корта а болуш. ДегӀан дохалла 300 см ю. Мунда йолчохь локхалла 185-200 см. Цхьа тонн гергга ю цуьнан йозалла. Мунда, кӀесаран кӀог тӀера букъа юккъе кхаччалц, хьаьвзина еха а, лекха а ю цуьнан. ТӀаьхьарчу когийн голош тӀекхаччалц бен кхин деха дац цуьнан цӀога. ЧӀениг кӀелара дуьйна гӀода юккхе кхаччалц беха а, хьалхарчу когийн голаша тӀекхаччалц охьабеъна а бу цуьнан накха. Коьртан туьтан тӀехь а, хьаьжаюккъехь а, гӀортан тӀехь а, хьалхарчу некха тӀехь а луьста а, беха а, хьийзина а чо бу цунна. Вукхузхьа дегӀа тӀехь лоха а, морса а чо бу. Стеран а; аьттан а бухера томма а, йоцийра а, ира а маӀаш ю. Ӏай бос жимма цӀелла етталуш моккха бу. Аьхка хьаьрса бос оьцу цо.
- Акха стерчий а, акха хьелий а Ставропольский крайхь а, Краснодарский крайхь а, ГӀебартойн, Балкарийн махкахь а, вайн Нохч-ГӀалгӀайн махкахь а ду.
- Ахка бежнаш лам чохь хьаннашкахь деха. Тобанаш йой лела уьш, шайн-шайн доьзаш а болуш, 15 а, 20 а корта хуьлу цхьана гӀеранахь. Аьхкенан заманчохь Ӏуьйранна а, сарахь а дежа уьш. Ӏай дийнахь дежа. Буц а, диттийн гӀаш а, дечагийн чкъоьрнаш а дууш дежа уьш. Августехь-сентябрехь оре догӀу. Май-июнь баттахь эсий до цара. Эса цхьацца до. Шиъ эса деш меттиг а хуьлу. Шина шарахь цхьа эса до атто. Цхьана шарахь эса дичи, вукху шарахь Ӏахара лела етт.
- Вайн пачхьалкхехь 40 сов бен дац акха бежнаш.