Сира-сийна кхокха: различия между версиями
Adam (обсуждение | вклад) Новая страница: «thumb| Къорзакъиг thumb| ''хIоаш'' '''Сира-сийна кхокха''' ({{lang-en|Rock Pigeon}}, {{lang-ru|Голубь}}) — Горга, дуьзна дегI а долуш, луьста, шера дегIа тIе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш. Вайн...» |
Adam (обсуждение | вклад) Нет описания правки |
||
Строка 1: | Строка 1: | ||
[[Файл:Orsopapera-colombo 002.JPG|thumb| | [[Файл:Orsopapera-colombo 002.JPG|thumb| Сира-сийна кхокха]] | ||
[[Файл:Columba livia MHNT.ZOO.2010.11.73.7.jpg|thumb| ''хIоаш'']] | [[Файл:Columba livia MHNT.ZOO.2010.11.73.7.jpg|thumb| ''хIоаш'']] |
Текущая версия от 16:14, 2 февраля 2025
Сира-сийна кхокха (англ. Rock Pigeon, рус. Голубь) — Горга, дуьзна дегI а долуш, луьста, шера дегIа тIе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.
Вайн цIахь, адамаш дехачохь гIаланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу гIеранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ тIе кхаччалц гIорта а, хаьндарг а, таьIно сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. "Кхокханан басахь" лоу вай цуьначух тера бос болчу хIуманах. Шина а агIор тIома тIехь шалха Iаьржа мозанаш ю цуьнан, тIомана пурхалхьа, тIам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, бIаьргаш а цIиэ ду. ЗIок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.
Цхьана метта дехаш а, дIай-схьай кхелхаш, Iен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла караIемина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до тIулган я сацкъаран бердашца, дIатесна йитначу тишчу гIишлош чохь, цIенойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа кIеззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха хIоьаш дан.Кхокхано шиъ до хIоа. КIорнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. ТIемаш сиха детта цо. Бекар "Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх" бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа "къу-у-у, къу-у-у", бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта тIе хууш гIиллакх дац цуьнан.