КӀайн пхьагал: различия между версиями
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Mansur700 (обсуждение | вклад) |
Mansur700 (обсуждение | вклад) Нет описания правки |
||
Строка 14: | Строка 14: | ||
== Хьажорагаш == | == Хьажорагаш == | ||
[[ | [[Категория:Акхарой]] |
Текущая версия от 17:47, 1 февраля 2022
КӀайн пхьагал — нох. КӀайн пхьагал (оьрс. Заяц-беляк) олу. Оьрсаша кӀайчу пхьагалах "Заяц-беляк" олу. Вукху пхьагалах къасто цхьа а кхин тайпа башхонаш яц кӀайчу пхьагалан Ӏай бос хийцалуш кӀайялар бен.
- Ло диллинчу хенахь акхаройх ларъялан аьтту беш ду цуьнан кӀайн духар. Амма ло доцчу хенахь оханаш тӀехь а, шерачу арахь а, мел генара а гуш хуьлу иза. Ӏай хьаннашкахь хуьлу кӀайн-пхьагал дукхах йолчу хенахь. Аьхка вукху пхьагална санна аренца меттигаш еза цунна синтарш долу хин бердан йистош, эрз болу тогӀеш, ирзош, диттийн кондарш.
- Вайн Союзехь Европан дакъошкахь къилбехьа Киевски областе кхаччалц а, Азехь Къилбехьа Казахстане кхаччалц а, Малхбалехьа Камчатке, Сахалине кхаччалц а долчу мехкашкахь хуьлуш ю кӀайн пхьагалаш. Шаш бечу океанан бердаш тӀе кхаччалц йолчу меттигашкахь а хуьлу уьш. Яжа меттигаш хоьржуш, цкъа цанен аренашкахула лела уьш, тӀаккха ялтийн аренашкахула кхерста. Стоьмийн бошмашкахь а, хесашкахь а ежа уьш.
- Диттийн гӀа дужучу хенахь хьуьн чуьра арайовлу кӀайн пхьагалаш. Кхин бахьана дац цу хенахь цара хьун тесна йитар, охьаоьгучу гӀан татанех кхерар бен. Охьадоьжначу гӀан патаршлахь олхазарша садолу хӀуманаш лоьхуш деш долу "шах-шах" а тоьа царна кхераяла.
- КӀайчу пхьагалан яжар а ду, вукхуьнан санна садайчи а, буьйсанан цхьана декъехь а. Ткъа, беттан сих сахиллалц ежа иза. Важа пхьагал санна шарахь кхузза-доьазза ехка иза. Вукхо санна хӀора моссазза ехка пхиъ-ялх я ворхӀ кӀорни йо цо. Уьш Ӏалаш яр а, уьш юзор а, кхиор а вукхуьнан санна ду.
- Цхьа башхо ю кӀайчу пхьагалан дахарехь. Къилбаседехь 1 метр кӀорга лайх чу йоьлхий баннаш до цара. 1-2 метр латта охкуш лаьттах баннаш а доху...