Леча: различия между версиями
Adam (обсуждение | вклад) Новая страница: «thumb| Леча '''Леча''' — ({{lang-en|Falcon}}, {{lang-ru|Сокол}} олу). Вай ламанан леча олу, лаьмнашкахь леча хуьлу дела. Амма леча лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлуш ду. Ира а, деха а ду цуьнан тIемаш. ЦIога деха ду цуьнан. Когаш тIехь месаш йац. ЗIо...» |
Adam (обсуждение | вклад) Нет описания правки |
||
Строка 13: | Строка 13: | ||
== Хьажа. кхин == | == Хьажа. кхин == | ||
== Хьажоргаш == | == Хьажоргаш == | ||
[[Категория:Олхазарш]] | [[Категория:Олхазарш]] |
Текущая версия от 15:57, 2 февраля 2025
Леча — (англ. Falcon, рус. Сокол олу). Вай ламанан леча олу, лаьмнашкахь леча хуьлу дела. Амма леча лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлуш ду. Ира а, деха а ду цуьнан тIемаш. ЦIога деха ду цуьнан. Когаш тIехь месаш йац. ЗIок хIотталучохь чохчаман шед бу. Ядар сиха ду, чехка тIам а тухуш. ХIаваэхь накха тухий дожадо цо муьлхха а олхазар, къиг а, бад а, кхокха а. Бен ламанан даккъашкахь тIулган бердашкахь бо лечано. Дукха хьолахь кхоьчу олхазаран бен схьабоккху цо. ХIоьаш апрель-май баттахь до йа шиъ, йа кхоъ, йа диъ. ХIоьаш, цIиэлла а етталуш, ал басахь хуьлу. Iаьржа а, сира а, бероза а, ал а бос болуш хуьла лечарчий. БIаьргаш кIелахь Iаьржа томмагI хуьлу цунна микх ду а моьттур долуш. Когаш можа бу. Леча - олхазар зуламе лерина дац. Цундела иза ларор вайн декхар ду.