Заглавная страница:ЦӀиэн бос болу пеликан

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 01:24, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску

ЦӀиэн бос болу пеликан — ( Pelecanus onocrotalus ). ЦIиэн бос болчу пеликанах оьрсаша "Розовый пеликан" олу. КIеззиг цIиэ бос а бетталуш кIай ю. ТIемаш йоьххьера Iаьржа ду. Коьрта тIехь жима кIужал бу. Еха зIок ю цуьнан. ЗIакарна кIелахь тIаьрсиган тIоьрмиг бу. ТIемаш дIа-схьа даржийчи 2 метр ду. ХIурдан гIайрешца, бердащца, хишца, Iаьмнашца хуьлуш ю пеликан.

  • Iаьржачу хIурдан къилбаседа-малхбузехьа хIурдан йистошца а, Азов хIурдан йистошца а, Каспий хӀурдан къилбаседехьа йистощца а, ГIалмакхойн аренашкарчу Iаьмнашкахь а, Казахстанехь а, Малхбезехьа Сибрехахь а ю уьш. Дозанал арахьа Румынехь а, Африкехь а, Шемахь а, Иракехь а, Къилбаседа-Малхбузехьа, Индехь а ю пеликанаш. Вайн республикехь наггахь бен гучу ца йовлу уьш. БIаьста къилбехьара бовхачу махкара схьайогIуш а, гурахь юха цига дIайоьлхуш а вайн хиш, Iаьмнаш долчохь; цхьана кIезигчу ханна сеца уьш. ХIинцачул хьалха Теркан йистошца а, Iаьмнашкахь а баннаш дора цара. Дукха а чIерий долу меттигаш, буткъа эрз болу тогIеш еза царна.
  • Баннаш дечу хенахь яккхийра тобанаш хуьлу церан. Цара баннаш до Iаьмнаш долчохь, буькъа эрз болчу, адамашна тIекхача хала долчу меттигашкахь. Баннаш эрзах а, бацах а диттийн генех а до цара.Хоьаш апрель-май баттахь до. Шиъ до хIораммо хIоа. Тойнахь 33-38 дийнахь Iа. КIорнеш йоха июнь-июль баттахь. ТаьIна мокхачу басахь хуьлу уьш.
  • ЧIогIа ларлуш олхазар ду иза. Стаг юххе ца кхочуьйту цо. ГIаттар хала ду цуьнан. ТIемашца гIоттуш хи тIоьхула когаш а бетташ йоьду иза. Ядар чехка ду, генна охьа тIемаш а лестош. ТIоьхула хьийзаш Iедал а ду цуьнан. ГIеранца хIаваэхула могIа бой йоьлху уьш. ГIарагIулеш санна са бой а йоьлху. Хи тIоьхула нека до цара. Амма хи буха ца лечкъа уьш. ЧIерий доу цара, хи гомхачу дIа а лоьхкуш, зIакаршца каде схьа а луьйцуш.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш