Заглавная страница:Можа беснеш йолу аьрзу

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 17:52, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Schmutzgeier (Neophron) 01.jpg

Можа беснеш йолу аьрзу — (en. Egyptian Vulture), (оьрсаша "Стервятник" олу). Шуьйра, деха тIемаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. МIараш аьрта ю. ЗIок кIезиг чухьаьвзина еха ю. Беснеш цIиэ бос а бетталуш можа ю, тIехь чо а боцуш. КIесаран кIог тIера гIортанна го боккхуш месийн кач бу. Аьрзу ша кIай ю, тIемаш - йоьххьера Iаьржа ду. ДIай-схьай даржийчи 1,7 м шуьйра ду.

  • Кавказан лаьмнийн къилбаседехьа йолчу агIор ю и тайпа аьрзунаш. Вайн махкахь наггахь бен гуш яц и тайпа аьрзу. Уьш хуьлу Юккъерчу Азехь а, Казахстанехь а, Закавказехь а. Дозанал арахьа Къилбехьа Европехь а, Жимчу Азехь а, Юккъерчу Малхбалехь а, Индехь а, Африкехь а. Вайн республикехь и тайпа аьрзу тосало Макажахь, Итон-Кхаьллахь, Ялхарахь, ГаланчIожахь, Таргимехь, Джейрахахь. - Баннаш до ламанан даккъашкахь шишша цхьана хIуттий. Бен тобеш, кхакханан кердигаш, тIаргIа я кхин йолу кIеда хIумнаш йохку буха. ХIоа шиъ до, мокха тIедарчий а долуш. ХIоьаш апрель баттахь до. Тойна май баттахь доккху. Июль бутт чекхболлуш гIовтту кIорнеш. Ижу лоху хIаваэхь тIоьхула хьийзаш, я ламанан даккъаш тIе хоий гондахьа бIаьрг кхарстош. Даар еллачу хIуманийн дилх, лаьхьарчий, моьлкъарчий ду.

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш