Заглавная страница:Жима куьйра

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 17:44, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Жима куьйра

Жима куьйра (en. Accipiter brevipes), (оьрсаша "Тювик" олу). Кхокханалла ду иза. КIай ю цуьнан логакIело. БIаьргаш цIиэ ду. Хаьндарг йолчуьра дуьйна чукIело албасехь ю, пурхалхьа юткъий Iаьржо моханаш а йолуш. Дахар буц-аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тогIешкахь а, бошмашкахь а ду цуьнан. Цхьана меттера кхоьчахьа кхелхаш ду иза. Бен дитта тIехь бо цо. ХIоьаш жимма сийна бос а бетталуш кIай хуьлу.

  • Тойна май бутт чекхболуш, июнь бутт болалуш доккху. Кхоъ я диъ кIорни доккху цо. Декар дахдой хуьлу "тью-ю-вик, тью-ю-вик" бохуш. Цундела аьлла цунах оьрсаша "тювик". Дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу хIуманаш йоу цо. Ялташна зуламе, садолу хIумнаш цо яарна пайдехь лоруш олхазар ду иза. Цундела уьш хуьлучу меттехь дIовш тийсар дика дац. ДIовшо бийна дахка а кхин йолу садолу хIума а йиъчи иза ле.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш