Заглавная страница:Леча

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 17:46, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Леча

Леча — (англ. Falcon, оьрс. Сокол олу). Вай ламанан леча олу, лаьмнашкахь леча хуьлу дела. Амма леча лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлуш ду. Ира а, деха а ду цуьнан тIемаш. ЦIога деха ду цуьнан. Когаш тIехь месаш яц. ЗIок хIотталучохь чохчаман шед бу. Ядар сиха ду, чехка тIам а тухуш. ХIаваэхь накха тухий дожадо цо муьлхха а олхазар, къиг а, бад а, кхокха а. Бен ламанан даккъашкахь тIулган бердашкахь бо лечано. Дукха хьолахь кхоьчу олхазаран бен схьабоккху цо. ХIоьаш апрель-май баттахь до я шиъ, я кхоъ, я диъ. ХIоьаш, цIиэлла а етталуш, ал басахь хуьлу. Iаьржа а, сира а, бероза а, ал а бос болуш хуьла лечарчий. БIаьргаш кIелахь Iаьржа томмагI хуьлу цунна микх ду а моьттур долуш. Когаш можа бу. Леча - олхазар зуламе лерина дац. Цундела иза ларор вайн декхар ду.

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш