Заглавная страница:БухӀа

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 17:42, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
БухӀа

БухӀа— (Asio otus). БухӀанах оьрсаша «Сова» олу. Вайн махкахь I2 тайпа ю бухӀанаш. Куц а, хатӀ а, бос а хилар I8 кепар ду. БухӀанаш яккхийра а, кегийра а ю. ТӀемаш шуьйра, цӀога доца ду церан. Мас нилха а, кӀеда а ю. Когаш баьлла бу, мӀараш тӀе кхаччалц. ЗӀок йоца а, йоьххьера цӀеххьана охьахьаьвзина а ю. МӀараш ира а, чухьаьвзина а ю. БӀаьргаш даккхийра ду. Цхьайолчу бухӀанийн лергаш тӀоьхула ирах йоьлхий маӀанаш санна, месаш хуьлу («Лергаш»). Хиъна Ӏер, дегӀ нисса ирах дирзина а долуш хуьлу цуьнан. БухӀа буьйсанна сема хуьлу. Дийнахь наб еш санна, тап олий тийна Ӏа иза. ХӀоьаш, котаман хӀоьан кепехь доцуш, царел доцийро хуьлу. Котаман хӀоьал кегийра, кхокханан хӀоьал даккхийра. Бос хьаьрса бу Ӏаьржа тӀедарчий а долуш.

Баннаш, ламанан даккъашкахь, юькъчу хьаннашкахь, боьранашкахь до цара. ХӀоа 2-3 до бухӀано. Тойна апрель баттахь доккху. Ижо тӀома тӀаьттина йоьдуш а хиъна Ӏечу заманчохь, гондахьа бӀаьрг кхарстош а, лоху цо. ТӀома ядар меллаша а, гӀар-тата доцуш лахахула а ду цуьнан. Екар сингаттаме ду: «бу-у-х» бохуш. БухӀано пхьагал а, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а лоцу. Хьозий а, дехкий а доу цо. И тайпа олхазарш цо хӀаллакдеш хиларна зуламе лерина ю бухӀа. Бакъду, бухIнаш кӀезиг хиларна, Ӏаламан хазна ларор доьхьа, уьш яйар магош дац.


Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш