Заглавная страница:Акха боргӀал

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 17:38, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Акха боргӀал

Акха боргӀал— (я нӀаьна) (Phasianus colchicus). АкханӀаьнех оьрсаша «Фазан» олу. ЦӀахь кхобачу нӀаьнин дегӀахь ю иза. ЦӀога, нисса дӀадахана, деха ду. БӀаьргашна гондахьара йоьхь, мас йоцуш, ерзина а цӀиэ а ю. Коьрта тӀехь шина а агӀор жимма еха месаш йохку. Деши а, цӀеста а санна лепаш хаза бу акханӀаьнин бос, букъ тӀехь а, некха тӀехь а, хенашкахь а Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. Корта сийна а, баьццара а бос лепаш хаза бу. Логах гобоккхуш доьхка санна кӀай сиз ду. Котаман бос мокха бу Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. ЦӀога нӀаьничул доца ду.

Коьллашкахь, хин тогӀешкахь еха уьш. Дахар цхьана меттахь ду. ДӀай-схьай кхелхаш, Ӏедал дац церан. Цхьацца йолий лела уьш. Цкъацкъа вовшахкхетий кӀезиг гӀера а йо. КӀохцалан куллах а, эрзалахь а, цанашлахь а до цара баннаш. Лаьттахь екъчу меттехь, я кулла кӀел, я кондаршлахь къайлехь хуьлу церан баннаш. Апрель баттахь до котамо хӀоьаш. Баьццара бос а бетталуш хуьлу уьш. 8-I2 хӀоа. Тойна котамо доккху. Тойнахь Ӏаш йолу котам сарахь а, Ӏуьйранна а тойнара гӀоттий, гена ца йолуш, ежа.

ЧӀогӀа лечкъана, ларлуш хуьлу акханӀаьна. ТӀома гӀаьттича гучуер йолу дела, лаьттахула лела иза. ГӀаш ядар чехка ду цуьнан. Дитта тӀе хоий а Ӏа иза. ТӀемаш тоьхна йодачу хенахь цкъа ирах хьала а йоьдий, тӀаккха раз дӀайоду. Охьахаале хьалха гонаш туьсу цо. Екар чӀогӀа ду цуьнан «Ва-а кӀант!», «Ва-а, кӀант!» бохуш санна. ТӀемаш а тухуш ека иза. Яжар вукха котамийн санна ду. Бецан хӀу а, ялта а доу цо, соьналлаш а, садолу хӀуманаш а йоу.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш