Заглавная страница:Кечал-кхокха

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 17:44, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Кечал-кхокха

Кечал-кхокха— (Columba palumbus). Оьрсаша «Вяхир» олу кечал-кхокханах. ЦӀахь хуьлуш болчу кхокханах тера бу иза, цхьа кӀеззиг башхонаш хилар бен кхин хийцамаш боцуш. Кечал-кхокханан гӀортан тӀехь а, тӀемашна тӀехь а кӀай томагӀнаш ду. ТӀемашна тӀехь вукха цӀахь хуьлачу кхокханан санна шолха, Ӏаьржа моханаш яц цуьнан. ЦӀоганна тӀоьхула дӀайоьдуш шуьйро Ӏаьржа моха ю. ЗӀок можа ю цуьнан, когаш цӀиэ бу. ЦӀахь хуьлуш болчу кхокханал дегӀана боккха бу иза. Бос а цуьначух тера бу. Кечал-кхокхийн дахар хьаннашкахь, бецан аренашкахь, ялтийн аренашкахь ду. Цхьана меттехь дац церан дахар. ДӀай-схьай кхелха уьш. Баннаш стен, боьршан — шишша цхьана а кхеташ дитташ тӀехь до цара. Чекх са а гуш сиргӀатех бой хуьлу церан бен. Тойна апрель баттахь доккху. КӀайн шиъ хӀоа до кечал-кхокхано. Баннаш ден хан дӀаяьлчи гӀеранашках лела уьш. Бадар вукха кхокханан санна чехка ду. Аьхка де дохделлачу хенахь дитта тӀехь набарш еш Ӏеш хуьлу уьш. Бекар чӀогӀа ду цуьнан гӀоргӀачу озанца «кху-у-ру-ра… кху-у-рура» бохуш. Дажар ялтийн аренашкахь, кхаш тӀехь ду церан. Ялта а, бецан хӀу а доу цара.


Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш