Заглавная страница:ХӀуттут

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 01:34, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ХӀуттут

ХӀуттут— (Upupa epops). ХӀуттутах оьрсаша «Удод» олу. Кхокханал жимо хаза олхазар ду иза. ЗӀок юткъа ю, еха а, жимма охьасеттина а ю цуьнан. Коьрта тӀехь, мох ласториг санна могӀара пелагаш а долуш, кӀужал бу. ТӀемаш шуьйра ду. ТӀемаш Ӏаьржан, кӀайн могӀарш долуш къорза ду цуьнан. КӀужалан йоьххьехула Ӏаьржа сиз доьду, аьлчи а кӀужалан хӀора мас йоьххьера Ӏаьржа ю. Цунах зӀакар тӀера дуьйна кӀесаркӀог тӀе кхаччалц хьаьвзина Ӏаьржа ах хӀоз хӀутту. Корта а, гӀорта а, чукӀело а можа ю. Яхар еса аренашкахь, бошмашкахь, хин тогӀешкахь ду. Къилбехьа бовхачу махкара бӀаьста схьа а йогӀу, гурахь дӀа а йоьду. Бен дечиган хари чохь а бо, бердах а боккху. ХӀоьаш 3-9 до. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а лела, шиъ цхьаьна а хуьлу. Цхьа кӀеззиг цхьанакхетий гӀера а хуьлу церан. Адамаш долчохь ярташкахь а хуьлу уьш. Яжар лаьттахь ду цуьнан, садолу хӀумнаш йоу цо. Екар «хӀуп-хӀуп-хӀуп-хӀуп, пӀиж-ж-жакъ» бохуш ду.


Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш