БесаргӀаз

Материал из Тептар
Версия от 14:03, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску

БесаргӀезаш йа Ӏаьржа гӀезаш (лат. Branta) — бедийн доьзалера олхазарийн хин тайпа. БесаргӀезех оьрсаша "казарка" олу. БесаргӀезаш — йуккъера барам гӀезел кегийра олхазарш. Церан хуьлу гӀезачул алсама доца лаг а, алсама йоца, амма бух тӀаьхь лекха зӀок. БесаргӀезаш йохаллехь 60 см гергга хуьлу, йозалла 8 кг кхаччалц хуьлу. Ӏаьржа гӀезийн бос алсама Ӏаьржа а, кӀайн а хуьлу. ЦӀен харданг йолу бесаргӀезийн месашкахь хуьлу цӀехо-боьмаша бос.БесаргӀезийн дерриг 6 тайпа ду.


Хьажоргаш