Заглавная страница:ГӀиргӀа

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 17:45, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Milvus migrans 2005-new.jpg

ГӀиргӀа — (en. Kite (bird)), (оьрсаша «Коршун» олу). ГӀиргӀанаш бес-бесара хуьла, таьӀӀана ал басахь тӀемаш долуш, чукӀело къорза йолуш а. Йоьххьера хадийчи санна нийса а, деха а цӀога, готто тӀемаш долуш. Уьш хуьлу ялтийн аренашца а, хин бердан йистошца а, хьаннашкахь а. Баннаш до дитташ тӀехь, ламанан даккъашца тӀулган чхарийн херонашкахь. Бен тобеш буха йохку бехчалгаш, кхакханан кердигаш, тӀаргӀа, кхин йолу кӀеда хӀумнаш. ХӀоьаш до апрель бутт чекхболлуш — май бутт болалуш. Шиъ я кхоъ хӀоа до гӀиргӀано мокха тӀедарчий а долуш. Цкъацкъа гӀеранаш йой а лела гӀиргӀанаш. Декар терсаш ду. Генаро дека хезчи бокъан терсарх теро хета. Ижо лахар лакхара охьа бӀаьрг тухуш ду, наггахь бен тӀам ца ластош, цхьана метта го туьйсуш. Иштта хӀаваэхь го туьйсуш генна дӀадоьду гӀиргӀа. Церан даар ду къиэелла хӀума, хе юьстахтесна белла чӀара. Цара дехкий а, моьлкъарчий а доу. Кхеллеш, нехаш дӀакхиссанчохь а карадо царна напгӀа.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]