Заглавная страница:Дарта

Версия от 22:54, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right '''Дарта''' — (en. Golden Eagle), (Оьрсаша «Беркут» олу). Готтийро тӀемаш а долуш,...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
GoldenEagle-Nova.jpg

Дарта — (en. Golden Eagle), (Оьрсаша «Беркут» олу). Готтийро тӀемаш а долуш, деха цӀога а долуш йоккха аьрзу ю иза. И тайпа аьрзунаш ю дозанал арахьа Малхбузехьа Европехь а, Азехь а, Гималайна къилбаседехьа агӀор а, Къилбаседехьарчу Ӏамерикехь. Вайн Нохч-ГӀалгӀайн республикехь а ю дарта-аьрзунаш. Баннаш а дина тойна доккхачу хенахь ламанца хуьлу уьш. Цул тӀаьхьа лаха аренашкахь а, хьаннашкахь, хин тогӀешкахь массо а меттехь хуьлу. Наггахь бен гуш яц уьш.

Баннаш адам тӀе ца кхочехь ламанан даккъашкахь, я лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Даимана шишша цхьана хуьла дарта — стен, боьршан. Дарта тойна даккха йолало 4-5 шо кхаьччи. Бен дакъаделлачу диттийн синтарех бо цо. ХӀоьаш март-апрель баттахь до I-2. КӀай хуьлу уьш, ал бос бетталуш цӀиэ тӀедарчий а долуш. Тойна 45 дийнахь доккху. 2 бутт баьлчи йовддург хуьлу кӀорнеш. Даар котамаш, кхин долу олхазарш, пхьагалаш, цхьогалаш ду церан. Ӏай еллачу бежанийн дилх доу цара.

Вайн республикехь наггахь бен яц дарта. ЧӀаьнтийн-Органе новкъахь шиъ тосаелла, Рошничохь цхьаъ, Эвтар юьртана лакххьа цхьаъ тосаелла. Теркал дехьа гӀамаран аренашкахь шишша цхьана йолуш итт гина. Ламанан лакхенашкахь Таргим олучу меттехь шиъ тосаелла. Ламанца баннашкахь 10-12 тосаелла. Уьш кӀезиг хиларна ларо езаш ю. Мегар дац и тайпа аьрзунаш йолчу метте дӀовш дилла а гур богӀа а.

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Олхазарш