Заглавная страница:Оттйокх

Версия от 23:02, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Оттйокх '''Оттйокх'''— (Cuculus canorus). Кхокханал жимо олхаза...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Оттйокх— (Cuculus canorus). Кхокханал жимо олхазар ду оттйокх. Оьрсаша «Кукушка» олу цунах. Деха цӀога а, дехийра тӀемаш а долуш хаза олхазар ду иза. Бероза ю цуьнан чукӀело, дегӀана пурхалхьа Ӏаьржан, кӀайн могӀанаш а долуш. Жимма охьахьаьвзана ю цуьнан зӀок. Букъ а корта а, лаг а, логан кӀело а сира бос болуш ю цуьнан. ЦӀоганна тӀехь кӀайн тӀедарчий ду. Церан яхар хьаннашкахь, коьллийн кондаршкахь ду. БӀаьста бовхачу махкара схьайогӀу уьш, гурахь юха дӀайоьлху. Цхьацца ша йолий лела уьш. Цкъацкъа шиъ цхьана а хуьлу. ХӀоьаш цӀир-цӀир-хьозанан а, хӀуьрцӀилдиган а, хьуьна хьозанан а, иштта кхоьчу олхазаран а бенахь до цо. ХӀоьаш церачех тера а хуьлу цуьнан. Бакъду, церачул жимма даккхийро хуьлу уьш. Оттйокхан екар иштта ду: «Ков-кук! Ков-кук!» Екачу хенахь цӀога жимма ай а деш, тӀемаш охьа хоьцу цо. Стечу оттйокхан екар шатайпа ду «кли-кли-кли» бохуш. Садолу хӀуманаш йоу оттйокхо.

Оттйокх

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Олхазарш