Заглавная страница:Акха бад
Акха бад — ( Anas platyrhynchos ). Акхачу бедах оьрсаша "Кряква" олу. ЦIахь кхобучийл догIмаш долуш ю акха бедаш. Бедан-нIаьна хаза ю. Баьццаран бос лепаш бу цуьнан корта. Лог кIело ал бос бетталуш ю. ЗIок можа ю. ЦIоганан тIоьхуле Iаьржа ю. Когаш, можа бос а бетталуш цIиэ бу. Стиэ бад Iаьржа тIедарчий а долуш мокха ю. Акха бедаш дукху а мехкашкахь хуьлуш ю.
- ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Iаьмнашкахь, хин бердан йистошкахь бецан тоьлгашлахь, оьрзалахь до цара банаш. ХIоьаш дан юьйлало апрель баттахь. 7-I2 хIоа до цхьана бедо. КIорнеш тIемашца гIовттало август баттахь. Екар цIахь кхобучу бедачух тера ду. Яжар хи чохь ду хина буха а ческъаш. ТIемашца йовдар чехка ду. Хи чохь карош йолу садолу хIуманаш а, кхоьбарчий а цхьацца соьналлаш а йоу цара[1].
СуьрташПравить
Хьажа. кхинПравить
БилгалдахаршПравить
ХьажорагашПравить
- ↑ Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а. Соьлжа-ГӀала. Жайна , 1992. 176 агӀ.