Заглавная страница:НӀаьвла

Версия от 01:43, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

НӀаьвла — (en. Lark), (Оьрсаша «Жаворонок» олу цунах). НӀаьвларчий а бес-бесара ю. Царех цхьа тайпа ардашкахь, ялтийн аренашкахь хуьлуш ю. Цундела оьрсаша «полевой жаворонок» олу цунах. ЦӀахь хуьлучу хьозанал жимма йоккха ю иза. Бос сира бу цуьнан. Букъ тӀера кхоьлина чукӀелара сирла, мокха тӀедарчий а долуш. Коьрта тӀехь кӀужал бу.

НӀаьвла

Дахар хьаннийн кортошкахь аренашкахь ду. Дажар лаьттахь ду. Наггахь дитта тӀе а, диттан кондар тӀе а хоу. Шишша цхьана а хуьлу, гӀеранашца а хуьлу. ГӀаш-некъахочунна тосало нӀаьвларчий новкъахь ежаш. ТӀома хӀаваэ хьала а юьйлуш ека нӀаьвларчий. НӀаьвланан екар иштта ду: «юьли-юьли-юьли, юьл-юьлу-юьлу». Бен лаьттахь бо нӀаьвлано. 5-6 хӀоа до цо. ХӀоьаш кӀайн ду, цӀиэ тӀедарчий а долуш. Тойна а апрель-июнь баттахь доккху. КӀужал боцуш а ю нӀаьвларчий. Церан дахар а кӀуж болчийн санна ду. Амма екар жимма кхечу азанца ду. «Витти-витти, витти, тирий-ти-ти-ти» олий ека и. Цунах терра кхин цхьакха а ю нӀаьвла. Басна а иштта ю. Делахь а, цхьа кӀеззиг башхо ю цуьнан. ТӀам хотталучу хьалха, хаьндарг йолччохь шина а агӀор томмагӀ ду.

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить