Заглавная страница:Бешара хьоза

Версия от 01:44, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Бешара хьоза — (оьрсаша «Лазаревка» олу). ТӀемаш а цӀога а сийна ду букъ баьццара бу, хьаж кӀай ду цуьнан, беснеш а кӀай ю, лаг Ӏаьржа ду, хандаргана тӀоьхула а Ӏаьржа мас ю. Накха можа бу, чукӀело а можа ю. Хьуьн чохь а бошмашкахь а хуьлуш ду и тайпа хьоза. Баннаш дечу хенахь цхьана хуьлу стен боьршан шиъ. Диттан гаьннаш тӀера каде ду гӀаттар, кхечу гаьн тӀе хаар. Бен диттан хари чохь бо. ХӀоьаш апрель-май баттахь до 5-10. ХӀоьаш кӀай хуьлу, цӀиэ бос бетталуш, ал тӀедарчий а долуш. Декар иштта ду: «Ци-ци-цӀир-р-р».

Бешара хьоза

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить