Заглавная страница:Дургли

Версия от 01:49, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Дургли — (fr. Martinet), (Оьрсаша дурглех «Стриж» олу). ЧӀегӀардигах тера ду иза. Лог-кӀело кӀайн ю цуьнан. Ша мокхо бос бетталуш Ӏаьржа. Азехь Ӏаш 4 тайпа (Hemiprocnidae) йа дечиг дитташ тӀехь Ӏаш долу Дурглеш ду, (Apodidae) — 74 тайпа даьржина ду массанхьа, шийла меттиг йоцучехь. Уьш ду декъалуш, цхьадерш тӀема а довле дӀадоьлхурш ду, амма йох елча йуха схьадогӀу. ТӀе хьаьжча чӀогӀа чӀегӀардигех тера а ду уьш. Дахар хьаннашкахь, есачу аренашкахь, гӀаланашкахь, ярташкаадамаш дехачу кхин йолчу меттигашкахь ду. БӀаьста бовхачу махкашкара схьадогӀу дурглеш, гурахь цига юха кхелха уьш. Баннаш дар яккхийрачу гӀеранашца ду церан. Баннаш дечигийхаранаш чохь а, тӀулга даккъийн херонашкахь а, саз-лаьттан бердах а хуьлу церан. Тойна июнь баттахь доккху. ХӀоа 2-3 хуьлу. Дадар чехка ду, чехка тӀемаш а детташ. Декаран аз «виз…виз-з-з» бохуш ду. Мозий, чуьркаш йоу цара, дойдда доьлххушехь хӀаваэхь схьа а лоьцуш. ЦӀога чӀерачух тера шалгу доьрзуш хаьдда ду. ТӀемаш марс санна чоьхьа хьаьду. Цара садолу хӀумнаш юу дела пайдехь лерина уьш.

Дургли


Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить