Заглавная страница:Алкханч

Версия от 01:51, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Алкханч— Оьрсаша алкханчах «Скворец» олу. Хьозанал доккха олхазар ду иза. Бос Ӏаьржа бу сийна кӀур биллича санна лепаш. ТӀемаш а, цӀога а кхоьлано ду. Гурахь кӀайн тедарчий хӀуьтту цуьнан дегӀа тӀе. Ярташна аьттехьа, ялтийн аренашца ду алкханчийн дахар. БӀаьста, апрель баттахь бовхачу махкара схьайогӀу уьш вай долчу. Гурахь, октябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка дӀайоьлху уьш.

Алкханч

Церан яжар лаьтта тӀехь ду. Дитташ тӀера стом а, садолу хӀума а йоу цара. Алкханчаш гӀеранаш йой лела. Баннаш бердах доху цара. Дечиган хари чохь а до цара баннаш. Адамаша бошмашкахь аннех баннаш до царна. ХӀоьаш апрель-июль баттахь до 5-7. Стигалан басахь сийна хуьлу уьш. Аз кхоьчу олхазарийнчух тардеш ду декар.

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить