Заглавная страница:Баьццара жӀалин-къоьрг

Версия от 01:52, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Баьццара а хуьлу жӀалин-къоьрг. Оьрсаша «Зеленая щурка» олу цунах. Вукха жӀалин-къоьргах тера ю иза. Бос жимма хийцабелла баьццаро хилар бен кхин бошхо йоцуш. ЗӀакарна тӀера дуьйна бӀаьргана тӀоьхула кӀесаран кӀог тӀе кхаччалц Ӏаьржа сиз доьду цунна. Хьаьжа юкъ а, бӀаьргана лакхара а стигалан басахь ю. Логан кӀело хьаьрса ю можо хеталуш.

Баьццара жӀалин-къоьрг

Хинбердан йистошкахь, тогӀешкахь, буц-аренашкахь хуьлу уьш. Дахар дӀай-схьай кхелхаш ду. Баннаш бердах доху цара. ХӀоьаш май-июнь баттахь до 5-8. ГӀеранаш йой лела жӀалин-къоьргаш.

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить