Заглавная страница:Къорза хенакӀур

Версия от 23:10, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Къорза хенакӀур '''Къорза хенакӀур'''— Оьрсаша къорзачу...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Къорза хенакӀур— Оьрсаша къорзачу хенакӀурах «Пестрый дятел» олу. Ӏаьржан, кӀайн, цӀиэн кхаа басара ду цуьнан дегӀ хазчу куьцехь, иза къарзъеш, Ӏаьржачу тӀома тӀехь кӀайн тӀедарчий ду цхьа хаза зезаган куц а хӀоттош. Боьршачуьнан кӀесара-кӀаг болу меттиг цӀиэн ю, корта Ӏаьржа бу. ЗӀакарна тӀера коьрта тӀехьа кхаччалц Ӏаьржа сиз ду шина а агӀор. Цу тӀера хенашка кхаччалц охьадогӀу Ӏаьржа га. БӀаьргашна тӀера охьа кӀайн беснеш ю.

Къорза хенакӀур

ТӀиэхьа агӀор чукӀиэло а цӀиэ ю цуьнан. Вукха хенакӀуран санна ду цуьнан дахар. Вукха хенакӀуро санна бен диттан хари чохь бо. Тойна апрель-май баттахь доккху, 4-6 хӀоьах. Дадар чехка ду. Цхьаъ ша а хуьлу иза, шиъ цхьаьна а хуьлу. Декар «кик-кик-кик» бохуш ду. Садолу хӀуманаш йоу цо. Ӏай акхачу стоьмийн хӀуш доу.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Олхазарш