Заглавная страница:Хьуьнан эшар хьоза

Версия от 23:16, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Хьуьнан эшар хьоза '''Хьуьнан эшар хьоза''' — (en. Song Thrush), (Оьрсаша «Певчи...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Хьуьнан эшар хьоза — (en. Song Thrush), (Оьрсаша «Певчий дрозд» олу цунах). БӀаьста дитташна гӀа даьллачу хенахь, хьаннийн кортошкахь хаза декаш хуьлу хьуьнан хьоза. Эрза шедаган аз санна зевне хуьлу цуьнан аз. «…Чукаричу-у-къ» «хӀинц-хӀинц». Ира йоца зӀок а йолуш, мокха хьоза ду иза, чукӀело къорза а йолуш. Хьаннашкахь а, аренашкахь а, лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа хьозий. БӀаьста баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш стен, боьршан. Важа йолчу хенахь гӀеранашца хуьлу. Лаьтта а, диттан кондарш тӀе ховшу уьш. Баннаш дитта тӀехь а, диттин кондарш тӀехь а до цара. ХӀоьаш стигалан басахь сийна хуьлу, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. Тойна апрель-июнь баттахь доккха. 4-5 кӀорни доккху цо.

Хьуьнан эшар хьоза

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Олхазарш