Заглавная страница:Ӏулга гӀайренашкара хьоза

Версия от 23:17, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Ӏулга гӀайренашкара хьоза '''Ӏулга гӀайренашкара хьоза''' — (en. W...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Ӏулга гӀайренашкара хьоза — (en. Wheatear), (Оьрсаша «Каменка» олу) тӀулган гӀайрешца иза хуьлу дела. Лаьмнашкахь а, лаха аренашкахь а, хин бердан йистошца, тӀулгийн гӀайренашца хуьлуш ду, тӀоьхлара корта а, букъ а цизаьрканан чим санна, сира а болуш, зӀакарна тӀера бӀаьрга тӀоьхула дӀа корти, гӀорти хотталучу кхаччалц Ӏаьржа томмагӀ долуш хьоза.

Ӏулга гӀайренашкара хьоза

ТӀемаш Ӏаьржа ду цуьнан. ЦӀоганна шина агӀор кӀай моханаш ю чекхъяла герга яххалц. ЦӀога йоьххьера хадийчи санна нийса а, Ӏаьржа а ду. Цунах хотталуш цӀоганна юккъе кхаччалц дегӀ долчу агӀор схьадогӀа Ӏаьржа сиз. ЧукӀело а лаг а кӀай ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу и тайпа олхазарш. ХӀоьаш 4-7 до.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Олхазарш