Заглавная страница:Акха газа

Версия от 23:25, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Акха газа '''Акха газа''' — ({{lang-ru|Дикая коза}}) олу. Боьршачу вай {{lang-noh|б...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Акха газа — (оьрс. Дикая коза) олу. Боьршачу вай нох. бож олу, оьрсаша оьрс. Тур олу.

  • Лекхачу ламанан даккъашкахь, тӀулган, мокхазан бердашца инзаречу меттигашкахула лела иза. Адам цецдаллал каде юссу бож ламанан даккхашкара охьа чу. Шен берг дӀатассал меттиг хилчахьана тоьа цунна лекхачу бердаца кхиссалуш хьала тӀе яла а, охьа чу йосса а.
  • Акхачу газанан кӀорнеш а хуьлу иштта каде. Газанан кӀорнех боьхьигаш олу. Ӏинах охьа чу иэгарна кхераме меттигаш дукха ю ламанца уьш лелачу меттехь.
  • Акха гезарий ларъяла хууш ю. Шайн-шайн раьгӀнаш хуьлу церан бож хьалха а йолуш. БӀаьрг сирла а, лергашца само йолуш а ю уьш.
  • Ламанан акха бож дегӀана йоккха ю. Коьртаца йогӀуш шен барамехь ю цуьнан гӀорта дукха юткъа а, томма а йоцуш. ДегӀан дозалла 75-80 килограмм ю цуьнан. Когаш дукха лекха а бац, амма ницкъ болуш бу. Вайн цӀахь хуьлуш йолчуьнан санна тӀиэхьа йирзина яккхийра маӀаш а, чӀениг кӀелахь маж а ю цуьнан. ЦӀога доца ду. Газанан маӀаш бежачул йоцийра а, юткъий а ю. Бос таьӀӀана цӀиэ бу. Букъ тӀоьхула Ӏаьржа арс боьду цунна, гӀортан тӀера цӀоганна тӀе кхаччалц. Изза томмагӀа белшаш тӀехь а ду. Корта жимма цӀоьлла етталуш Ӏаьржачу басахь бу. Оцу бассахь ю маж а. ЧукӀело кӀайн ю. Лахара настаран даккъаш Ӏаьржа ду цуьнан, тӀиэхьара бергашна тӀе кхаччалц кӀайн ду. ТӀера цӀока беха чо болуш морса ю.
  • Уьш хуьлу меттигаш: Акха гезарий Жимачу Азехь а, Эгейски гӀайренашкахь а, Критехь а, Малхбузехьа Афганистанехь а, Къилбаседа Малхбузехьа Индехь а вайн Кавказехь а, ДегӀастанехь а, Арменехь а, Гуьржийн махкахь а, Азербайджанехь а, Туркменин лаьмнашкахь а хуьлу. Вайн Нохч-ГӀалгӀайн республикехь акха гезарий йолу меттигаш ЧӀаьнтин-Орга, МӀайста, КӀерино, АцунтӀа, Шаройн-Орга Сандухой, КӀачу ю.
  • Акха гезарийн яжар ламанан даккъашца ду. Диттийн кондарш а, буц а йоу цара.
  • Реманаш йой лела уьш. Цхьана реми чохь итт а, ткъа а, ткъей итт а, шовзткъанге дӀакхочуш а хуьлу уьш. Яжар Ӏуьйранна, сарахь дика ду церан. Де довхачу хенахь руьтахь йийшина Ӏохку уьш нахарш а дохуш. Гезарий май-июнь баттахь ехка. Цхьацца а, шишша а боьхьигаш йо цара.
  • Акха гезарий кӀезиг ю вайн махкахь. Уьш яйар дихкина. Уьш ларо еза.
Акха газа

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Акхарой